«Ахмат» (хьалха хилла «Терек») – футболан клубан исторех

      Комментарии к записи «Ахмат» (хьалха хилла «Терек») – футболан клубан исторех отключены

Грозный г1алин «Ахмат» футболан клубан 79 шо кхочу карарчу шарахь (хьалха хилла «Терек»). Иза вовшахтоьхна 1946-чу шарахь. Юьхьанца «Динамо» ц1арца ловзуш яра иза. 1948-чу шарахь «Нефтяник» ц1арца левзира Грозный г1алин футболан клуб. 1958-чу шарахь «Терек» аьлла керла ц1е тиллира цунна. Оцу ц1арца ловзуш схьаеара иза 2017-г1а шо кхаччалц. 2017-чу шеран июнехь футболан клубана Нохчийн Республикан хьалхара Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) ц1е тиллира.

  Д1адаханчу б1ешеран 40-г1а шераш юккъе довллалц региональни турнирнрашкахь бен ловзуш яцара Грознера «Терек» (Х1етахьлера «Динамо») футболан команда. СССР-н чемпионаташкахь иза ловза йолаелира 1946-чу шарахь. Цул т1аьхьа йиллина РСФСР-н чемпионаташкахь (Кхоалг1а дивизион) ловза йолаелира цуьнан коллектив. 1956-чу шарахь РСФСР-н дато медалан призёр хилира вайн футболан клубах, иштта шолг1ачу лиге а елира иза. 1964-чу шарахь «Ахмат» (Х1етахьлера «Терек») клуб шолг1ачу Лиге а елира.

1958-чу шарера дуьйна 1994 –г1а шо т1едаллалц цхьа а ловзар юкъах ца дуьтуш, СССР-н, т1аьхьа Россин массо а чемпионаташкахь дакъалоцуш схьаеара Грозный г1алин футболан клуб. Ма-дарра аьлча, 1958-1975-чу а, 1980-1994-чу а шерашкахь СССР-н 2-чу лигехь дакъалоцуш яра иза. Ткъа 1976-1979-чу шерашкахь СССР-н 1-чу лигехь а левзира  «Ахмат» клуб.

1974-чу шарахь РСФСР-н кубок яьккхира клубан футболисташа. Оццу шарахь РСФСР-н чемпион хилира цунах. Ткъа 1978-чу шарахь СССР-н 1-чу лигин футбольни командашна юкъахь 5-г1а меттиг кхачийра цунна. СССР-хь оццул дукха йолчу клубашна юкъахь 5-чу меттигехь хилар боккха кхиам бара.

1994-чу шарахь Нохчийчохь х1оьттина чолхе юкъараллин-политически хьал бахьана долуш клубан футболисташ д1аса а бевлла, юьйхира команда. Цул т1аьхьа 7 шарахь лаьттира и спортивни клуб юха ден ца луш.

2001-чу шарахь, Нохчийн Республикан хьалхара Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) юхаденйира вайн футбольни клуб «Ахмат». Билгалдаккха дог1у, клубан футболисташа дукха хан ялале 5-чу лигин хьалхарчу сезонехь шолг1а меттиг баьккхина хилар. Еха хан юкъа ца юлуш, шолг1ачу шарахь, иштта Хьалхарчу Дивизионе елира вайн команда. 2004-чу шарахь футболан командан спортсменех Россин Кубкан дай хилира. Оццу муьрехь Премьер-Лиге а елира иза.

2008-чу шарера дуьйна футболан клуб, цхьана а муьрехь юкъара ца йолуш, Россин футбольни командийн Премьер-Лигехь ловзуш схьайог1уш ю. 2017-чу шеран июнехь, вай лакхахь ма-аллара, вайн футболан клубана «Ахмат» ц1е тиллина.

Т1еман шераша йоккха новкъарло йира вайн махкахь спорт кхиарна, къаьсттина футбольни клубан коллективана. Иштта 1994-чу шарахь вайн команда къийсадаларшна юкъара д1аяьккхира. Шина шарахь къахьийгира «Терекан» тренерша а, спортсменаша а вайн команда къийсадаларшна юкъаяхийта г1ерташ. Амма цунах г1уллакх а ца хуьлуш 2001-чу шаре кхаччалца схьабаьхкира футболан спортсменаш. 2001-чу шарахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа юкъа а ваьлла, вайн футболан команда юхаметтах1оттийра. Карарчу хенахь «Ахмат» клубан футболисташ Россин Кубок а яьккхина, Премьер-лигехь ловзуш бу.