«Могашалла» къоман проект

      Комментарии к записи «Могашалла» къоман проект отключены

Ярташкахь д1аяьхьира мониторинг

   «Могашалла» къоман проект, иштта «Могаш хиндерг» федеральни партин проект кхочушъеш, могашалла 1алашъяран программица районан ярташкахь Г1алит1ахь, Мескитахь яртийн лоьрийн амбулаторешкахь могашалла ларъяран, ц1ано латторан, белхан дикалла ларъяран г1уллакхашна таллам беш мониторинг д1аяьхьира «Единая Россия» партин меттигера отделенин белхалоша.

Талламхой реза хилира лоьрийн балхана. Амбулаторин белхалоша шайн болх массоаг1ор кхачо йоллуш д1ах1оттийна хилар билгалделира царна. Цул сов, карарчу шарахь д1адолийна кхин керла амбулаторин г1ишло яран г1уллакх а.

Мониторинг еш дакъалецира «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхочо Хатулаев Виспашас, говзанчас Матрашов Сулимас, районан къанойн кхеташонан председатела Зайпулаев 1умарсолтас, Нажин –Юьртан ЦРБ-н коьрта лоьран заместитела Абдулкадыров 1умара, Г1алит1ара амбулаторин заведующис Баймурадова Камилас.

Иштта массоаг1ор кхачо йоллуш оьшу хьелаш а долуш, кхин а цхьа керла могашаллин объект д1айоьллур Мескитахь. Керла фельдшерско – акушерски пункт-иза мехала совг1ат ду меттигера бахархошна. Бахархойн аьтту хир бу лоьрашкара оьшучу г1о-накъосталлех шен хеннахь пайдаэца.