Россин Пачхьалкхан Байракхан Денна лерина

      Комментарии к записи Россин Пачхьалкхан Байракхан Денна лерина отключены

   Байракх – иза муьлхха а пачхьалкхан коьрта билгалонех цхьаъ ю. Цуьнан гонаха цхьаьнакхета махкахь дехаш долу дерриге а къаьмнаш.  Къаьсттина вайн чолхе заманахь Пачхьалкхан Байракх коьрта гайтам хуьлий д1ах1уттукъаьмнийн юкъаметтигаш ч1аг1ъярехь.

«Единая Россия» партин меттигера отделенехь д1аяьхьира оцу дезчу денна лерина мероприяти. Шен къамелехь отделенин куьйгалхочо Хатулаев Виспашас билгалдаьккхира Байракхан Де даздаран хьолехь д1адахьаро вайга вайн цхьаалла гойтуш хилар. Х1ора а вахархочунна дозалла ду иза. Лаьа массеран а дагчохь Пачхьалкхан Гимн а, Байракх а хуьлийла. Х1унда аьлча, цаьрца цхьана цунна дагчу бужу Даймахке болу безам а.

Хатулаевс Пачхьалкхан Байракхан ленташца совг1аташ дира дакъалацархошна.