21-сентябрь – Дуьненаюкъара машаре де ду. Дерриге а дуьненна ч1ог1а мехала а, оьшуш а ду и де, х1унда аьлча, гуттаренна а хуьлуш болчу т1еман хиламашна дуьхьал машар оьшу халкъашна. Т1емаш хиллачул т1аьхьа дуккха а х1ума меттах1отто дезаш ду х1оразза.
Машаран де т1екхочуш Нажин-Юьртара №2 йолу юккъера юкъарадешаран школехь «Единая Россия» партин меттигера отделенин белхалоша школан хьехархошца цхьаьна Машаран урок д1аяьхьира лакхарчу классашкара дешархошца.
Къамел деш юкъаяьллачу школан директоран кхетош-кхиорехула йолу заместитела Ильясова Эльмирас дийцира Дуьненаюкъара машаран Де Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин декъашхоша 1981 – чу шарахь кхоьллина хилар.
— Х1ора шарахь оцу дийнахь д1ахьош ду и де даздар, — билгалдаьккхира цо. Кегийрхой кхетош-кхиор, герз д1адаккхар, машаре дахар д1ах1оттор коьрта 1алашо ю дуьнент1ехь и де даздаран. Оцу дийнахь хаддаза вовшахтуху адамашна г1одаран г1уллакхаш. Даима а машар, барт, ирсе дахар хуьлда вайна.
Мероприятехь дакъалоцуш вара партин меттигера отделенин куьйгалхо Хатулаев Виспаша, говзанча Матрашов Сулим, районан къанойн кхеташонан председатель Зайпулаев 1умарсолта.
