Правительствон керла комплекс
Х1окху деношкахь, вайн республикан коьртачу г1алин 207 шо кхачарна лерина правительствон керла комплекс д1айиллина. Комплекс еш тидаме эцна нохчийн къоман архитектурин хат1, куц-кеп. Ма-дарра аьлча, вайнехан ширчу заманан 1ер-дахаран, ха-даран б1аьвнийн комплекс ю хьалах1оттийнарг.
Комплексан коьрта г1ишло 14 г1ат, аг1онийн г1ишлойн 10 г1ат долуш хьалах1иттийна ю. Цул сов комлексан майданахь дина 100 стагана лерина керла маьждиг а, йина вертолётана лерина майда а. Ткъа ша комплекс лерина ю 2000 белхалочун меттигна.
Комплексна юкъайог1у республикан администрацин Куьйгалхочун, Правительствон, регионан 5 министерствон, иштта Правительствон заместителийн аппаратан г1ишлош. Нохчийн Республикан куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана ма-аллара, иштта вовшахтоьхначу г1уллакхо таро лур ю белхан эвсаралла лакхаяккхарал сов, 1едалан бахархошца йолу юкъаметтиг аттачу яккха а.
Хазахеташ ду, вайн республикан коьртачу г1алин мехала объекташ шо-шаре мел дели а карлайохуш, дебаш, зазадоккхуш хилар.
— Иштта мехала проекташ дахаре яхаро хазъеш, сий-ларам ойуш, толуш схьайог1уш ю вайн регион. Вай г1алин, мехкан мехалчу объекташна юкъахь тоьлла меттиг д1алоцур ю цо, — элира шен къамелехь, республикан Правительствон председатела Даудов Мохьмада.
Иштта, кхид1а а г1алин В. Путинан ц1арах йолу проспект яхъеш белхаш бар а д1адолийна. Кхин а 1800 метран яхалла т1екхетта керла ечу районан проектана. Карарчу хенанахь районехь дина даьлла 10 г1атах йолу 30 ц1а. Кхечу терахьашца аьлча, 5400 квартирана лерина г1ишлош ю йина евлларш. Ткъа ша район, карарчу заманчохь 1ер-дахарехь оьшучу хьашташна жоп луш, массоаг1ор кхачо йолуш йина. 150 эзар вахархочунна лерина йоккха к1ошт ю керла район.
