Х1окху деношкахь районера ахархойн – фермерски бахамийн, юьртабахаман кооперацин, яртийн администрацийн куьйгалхоша дакъалоцуш кхеташо хилира районан администрацин актови зала чохь.
Кхеташо д1ахьош волчу районан администрацин куьйгалхочун заместитела Альдебиров Арсена бовзийтира баьхкина хьеший – республикан ахархойн – фермерски бахаман, юьртабахаман кооперетивийн Ассоциацин президент Татаев Лечи, вице – президент Дашаев 1ийса, Ассоциацин говзанчаш Умалхатов Хьамзат, Гримсултанов Джапар, Элсиров 1абдул – Вадуд, иштта кхиберш.
Къамел деш юкъаваьллачу Татаев Лечас жам1аш дира д1адаханчу шарахь республикехь г1уллакхдеш болчу ахархойн – фермерски бахамаша, юьртабахаман кооперетиваша бинчу белхан. Цо билгалдаккхарехь, гулдина планал сов ялта, юьртабахаман кхийолу культураш. Лакхара кхиамаш баьхна даьхнилелорехь.
Вайн районехь долу хьал дуьйцуш Татаевс билгалдаьккхира, тахана районехь вовшахкхетта 91 ахархойн – фермерски а, 9842 долара а бахамаш хилар. Дика мах хадийра цара бечу белхан.
Белхан зеделларг довзуьйтуш кхеташонехь къамел дира ахархойн – фермерски бахаман, юьртабахаман кооперетивийн председатела Магомадов Исрапила.
Баьхкинчу хьешаша жоьпаш делира кхеташонан дакъалацархоша шайга динчу хаттаршна.
Кхеташо ерзош Альдебиров Арсена баркалла элира Татаев Лечина, цуьнан белхан накъосташна районехь пайде цхьаьнакхетар д1адахьарна.
