Вайн цхьаалла – вайн ницкъ
Россин Президента Путин Владимир Владимировича, 2026-г1а шо — Россин халкъийн цхьааллин шо хилар д1акхайкхина. Вайн махкахь 190 сов къам деха. Иза вайн мехкан коьрта ницкъ, аьтту, бахам бу. Х1ора къам ду шен-шен дин, культура, мотт, 1адат, ламаст лелон бакъо йолуш. Иза вайн маршо, вовшашца болу ларам бу. Делахь а 1алашо цхьаъ йолуш, цхьа барт а болуш вошахкхетта цхьана мехкан гражданаш ду вай.
Тахана дуьненчохь х1оьттинчу хьолан лерина терго йича вайна хаало цхьацца йолу пачхьалкхийн политикаша халкъаш, къаьмнаш вовшашца эвхьаза даха, оччадаха, мелла а вошех херадаха бахьанаш а, зулам карзахдаккхаран некъаш а лоьхуш йолу политика д1акхоьхьуш хилар. Иштта х1оьттинчу хьолехь вайн халкъана уггаре а оьшуш, ца хилча йиш йоцуш некъ бу вайна, вайн мехкан Президента гайтинарг.
Тахана вай тешна ду, махкахь массанхьа санна, вайн районехь а Россин халкъийн цхьааллин шо йукъараллин кхиамаш совбохуш, цхьаалла ч1аг1йеш, юкъараллин дахарехь долу кхачамбацарш д1адохуш беркате д1ахьорг хиларх.
Россин къаьмнаш, дукха хенахь дуьйна дика, вуо, толам, иэшам, цатам цхьаьна доькъуш схьадеана халкъ ду. Иза халкъан цхьаалла йу. Халкъийн цхьааллин ч1аг1оне хьажжина хуьлу мехкан юкъаралин барт, ларам, мостаг1чунна дуьхьал баккха ницкъ, вовшашца болу машар. Цундела ду карара шо — мехкан цхьааллин шо д1акхайкхор, лаккхара мехаллин а, маь1не а г1уллакх ду.
Оцу аг1ор вайн ламанан районашкахь а хилла т1аьхьарчу заманчохь дикка хийцамаш. Россин массо а регионашкара тайп-тайпа къаьмнийн векалш сада1а, мохк бовза, 1аламах пайдаэца туристаш, векалш, иштта кхиболу хьеший бог1у вай долчу. Вайн хаза г1иллакхаш, хьошалла, адамалла хестош телевиденехь, газеташ т1ехь вайх лаьцна дуккха а дуьйцу цара. Иштта ч1аг1ло халкъашна юкъара вошалла, хьошалла, вовшийн довзар .
Оха газетан аг1онаш т1ехь юкъайохур йу махкара хьал дуьйцуш йолу керл- керла рубрикаш, довзуьйтур ду районехь, иштта республикехь дехаш долу кхидолу халкъаш, церан ламасташ, г1иллакхаш, культурин ц1еношкахь, йарташкахь, школашкахь, берийн бошмашкахь д1ахьон йолу тайп –тайпа темийн фестивалаш, форумаш, ярмаркаш, иштта кхийолу мехала мероприятеш. Билгалдаьхна керла даздаран денош: 30-г1а апрель — Мехкан буххера къаьмнийн Де, 8 –г1а сентябрь – Россин халкъийн меттанийн Де.
Карара 2026-г1а шо, вайн махкахошна муьллхачу къомах хилар башхалла йоцуш, х1оранна а ирсе, къаьмнийн барт толуш, вовшийн лерам алсамболуш, доттаг1алла ч1аг1луш, комаьрша, беркате дог1ийла!
