Вайн мохк кхиаран бух биллира Кадыров Ахьмад – Хьаьжас
Кадыров Ахьмад – Хьаьжа (Дала г1азот къобалдойла цуьнан!) нохчийн къомо даима а сатийсинчу машаре а, токхоне а иза кхачийна стаг ву. Вайн г1аланашкахь, йарташкахь, урамашкахь дуьйлуш герзаш, т1еетташ бомбанаш, дойуш а, т1епаза довш а адамаш долчу хенахь халкъана кханене стийсам белларг ву иза. Делан лаамца, цунна доьг1на хиллера вай оцу къематдийнера машаречу а, сирлачу а хиндолчуьнга дига. Цуьнан доьналла, хьекъал, д1адолор бахьанехь тахана угаре кхерамазаллечу, парг1атчу махкахь дехаш ду вай. Хаддаза т1еман а, декъалдаран а хьелашкахь даьхна халакъ Ахьмад – Хьаьжас ондда а, ч1ог1а а биллинчу буха т1ехь ирсе деха тахана.
Нохчийн къам ваххабитийн гезгамашех, экстремистийн олаллех парг1атдаккхарехь толамхо а хилла висина вайн исехь Кадыров Ахьмад – Хьаьжа. Цуьнан турпалаллин г1уллакхаш даима а халкъо дагахь латтор ду. Цуьнан хьекъале весеташ т1аьхьенаша кар – кара оьцуш, 1алашдийр ду. Шен халкъан дуьхьа муха ваха веза, шен Даймахке болу безам муха хила беза бохучун масал а хилла лаьттар ву иза вайн дегнашкахь. Дала г1азот къобалдойла цуьнан!
Нохчийн халкъана, вайн республикина, дийнна Россина а чолхечу муьрехь къам а, мохк а цхьабарт бина д1ах1оттийра Нохчийн Республикан Хьалхарчу Президента – Кадыров Ахьамад – Хьаьжас. Цунах теша а тешна, цхьабарт хилла, цунна т1аьхьа а х1оьттина, шен къастам бира халкъо – Россица цхьаьна хила. Замано гайтира иза цхьаъ бен йоцу нийса г1улч хилар.
Тахана уггаре а парг1атчу махкахь деха вай. Нохчийн Республике схьаоьхуш бу дуьненан массо а маь11ера инвесторш, кхуьуш йу экономика, лакхадаьлла дешаран а, могашалла1алашйаран а т1ег1а, меттах1оьттина культура, цкъа а ца хиллачу тайпана толамашка кхаьчна нохчийн спортан векалш, дина иттаннаш, б1еннаш тоьлла маьждигаш, болх беш йу махкал арахьа а йевзаш йолу хьафизийн школаш.
И дерриге а дан таро кхоьллинарг, Ахьмад – Хьаьжа коьртехь а волуш, Нохчийчоьнан халкъо йаьккхина цхьа г1улч йара – 2003 – чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь д1айаьхьна референдум. Къоман баьччас сатийсинарг дара иза, цуна хила лиънарг ду тахана вай хьоьгуш долу беркаташ а. Оцу дийнахь т1еэцначу Конституцин буха т1ехь, Ахьмад – Хьаьжин весеташ кхочушдеш схьавог1у цуьнан к1ентан, Нохчийн Республикан Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан куьйга к1ел экономикин а, социальни а массо декъехь кхуьуш бу вайн мохк.
Халкъан дахар токхе хиларна т1ехьажийна г1уллакхаш ду уггар хьалха кхочушдеш, герггарчу хана билгалдина а. Цуьнца цхьаьна лерринчу проекташца, программашца д1ахьош ду йуьртабахам кхиор, Нохзчийчохь долу 1аламан, хенан х1оттаман хьелаш тидаме а оьцуш. Кхиъна йог1у стоьмийн, хастоьмийн, даьхнилелоран сурсатех г1уллакхдаран промышленность. Цундела, республикана кхачо йина ца 1аш, Россин дуккха а регионашка д1асадоьлхуш ду вайн лаьтта т1ехь кхиийна а, кечдина а сурсаташ.
Промышленностехь а йаккхийн г1улчаш йаьхна т1аьхьарчу шерашкахь. Хууш ду г1ишлошйарехь Россин регионашна йукъахь уггар а сиха кхуьуш йолчарах-Нохчийчоь хилар.Цундела кхузахь кхоьллина кхузаманахьлера цементан завод, г1ишлошйаран комбинаташ, технопаркаш. Йаккхий г1улчаш йаьхна энергетика кхиорехь, цу йукъахь Соьлжа – Г1алин ТЭС а йолуш. Иштта, цкъа а ца хиллачу тайпана кхуьуш ду республикера транспортан дакъа а, керлачу технологишца хийцалуш йолу з1е а.
Социальни декъехь, бахархойн хьашташ кхочушдарехь болу болх кхачаме д1ах1оттийна республикехь. Массо г1аланашкахь, к1ошташкахь г1уллакхдеш бу бахархойн 1ер-дахарехь нислучу хьелашка хьажаран, церан аьтто баран дакъош. Тахана тоьллачу т1ег1ане кхаьчна кхуьуш ду могашалла1алашйаран дакъа. Медицинан кхузаманахьлерчу г1ирсашца, аппаратурашца кхвчойина вайн больницашна а, клиниканша а. Б1енна лоьраша къахьоьгу кхузахь.
Дешаран системехь къаьсттина тидам т1ебахийтина школийн керла г1ишлош йарна, йуккъера корматаллин дешар кхиорна, лакхарчу дешаран хьукматашкахь 1илма а, производство а цхьаьнайалорна. Культурин декъехь лакхарчу кхиамашка кхаьчна республика. Кхузахь д1ахьо Йерригроссин а, Дуьненйукъара а фестивалаш. Нохчийн къоман Нурадилов Ханпашин театро х1иттош йолу спектаклаш Россин регионашкахь кхечу къаьмнийн векалша а дика т1еоьцуш йу. Нохчийчоьнал генна арахь дика йевза Нохчийн пачхьалкхан хелхаран «Вайнах» ансамбль, Нохчийн пачхьалкхан филармонин артисташ. Кхиаме болх беш йу А – Хь. Кадыровн ц1арах йолу мемориальни комплекс, Нохчийн къоман музей, Нохчийн къоман Айдамиров Абузаран ц1арах йолу библиотека.
И лакхахь багарбинчу кхиамашка вайн мохк кхаьчна хир бацара, оцу дерригенан а шен хенахь Кадыров Ахьмад – Хьаьжас ондда бух ца биллинехьара, Оцу бух т1ехь массо а дакъошкахь дан мел дезарш вовшахтоха, д1адахьа доьналла, хьекъал, кхетам, кханене хьежар вайн паччахьехь Кадыров Рамзанехь а ца хиллехьара.Дуккха а хан йу Ахьмад – Хьаьжа вайна йукъахь воцу. Цу хенахь дуьйна цуьнан хилла лаамаш, сатийсамаш кхочушбеш, мохк хазбеш-тобеш, халкъан дуьхьа дахар токхе деш къахьоьгуш ву цуьнан к1ант Рамзан, шен ден команда йуххе а йаьккхина.
Цецвийлина а ца волу оцу йоцачу хенахь т1емант1аьхьалонаш д1айаьхна ца 1аш, Нохчийн республика кхиорехь мел динчу г1уллакхех. Кхин х1умма а ца хилча, нанойн куьйгаш а лаьцна, г1алин зезагийн паркехула дог1учу беран делар а, ненан синтеме йуьхь-сибат а ган йиш хилар-цул деза х1ун хир ду?! Ма дукха хан йац-кх вай х1окху х1окху дийне сатийсина…
