Шо-шаре мел долу социально-экономически декъехь баккхий хийцамаш хуьлуш схьайог1уш юНажин-Юьртан район. Оцу хиламаша боккха аьттубо бахархойн дахаран-1еран хьелаш дикачу аг1ор хийцадаларна т1ехь а. Тахана б1аьрг тухушхьаьжча, х1ора юьртахь хаало керла йина, еш йолусоциальни маь1не йолу объекташ, асфальт юьллуштодина некъаш. Хийцамаш хилла бахархошнамолучу хица кхачоярехь. Д1аяханчу хенацадуьстича, ваха, болх бан дика зама еана вайна.Цуьнан хама беш дахар, вовшийн сий-ларам бар-коьрта декхар хилла дуьсуш ду тахана.
Х1окху деношкахь боккха хилам хилла районехь.Нохчийн Республикан Куьйгалхочо, РоссинТурпалхочо Кадыров Рамзана, цуьнан г1оьнчас Хататаев Амхьада, республикан ПравительсвонПредседатела Даудов Мохьмада, республиканПравительствон Председателан хьалхаразаместитела, автомобильни некъийн заместителаТумхаджиев 1ийсас, заместитела ВисмурадовАбузайда районан администрацин куьйгалхочоМузуруев Асланбека, районера бахархошадакъалоцуш даздаран хьолехь схьадиллинаСесенара Яьсси хина тиллина 126 метр деха,13 метр шоралла йолу т1ай. Район социально-экономически кхиоран декъехь хилла кхиам бара иза. Т1ай схьаделларо таро лур ю районаца доза дог1уш йолчу меттигашка парг1ат машенашцад1асаваха. Районан администрацин куьйгалхочоМузуруев Асланбека шен къамелехьбилгалдаьккхира т1ай схьаделларца болу хиламНохчийн Республикан хьалхара Президент, РоссинТурпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина 75 шокхачарна лерина хилар. Баркалла элира Кадыров Рамзанна карара шо ламанан районийн шо дина д1акхайкхина хиларца бахархойн бахаран-1еран хьелаш тодаран г1уллакхашна ондда тидамт1ебохуьтуш хиларна а. Х1окху б1аьста алссамйочанаш хилар бахьана долуш, х1усамаш йохийнабахархошна йина керла х1усамаш.
Асфальт йуьллуш тобина Замай-Юьртара Нажин-Юьрта, цигара Совраг1а кхаччалц болу некъ.Некъаш тодарехь дуккха а белхаш бина ярташкахьа.
Шайн къамелашкахь Кадыров Рамзана,Тумхаджиев 1ийсас дика мах хадийра Нажин-Юьртан районехь социально-экономически аг1ор хуьлуш болчу хийцамийн. Баха а, шайн г1уллакхаш вовшахтоха бахархойн аьтту бар-и коьрта 1алашо ю-кх тахана вайн республикан КуьйгалхочоКадыров Рамзана шена хьлха х1оттийначу коьртачу1алашонех цхьаъ. Дала мукълахь диканах дог цадуьллуш, д1айолчу хенахь вовшашна г1оьналлин куьг кховдош даха деза вай.
Баркалла ала дог1у Сесанахь Яьсси хина т1ай туьллуш къахьегначу белхалошна а.
