Нохчийн Республикан хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад – Хьаьжа (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) вина 75 шо кхачарна лерина Усманов 1имранан ц1арах йолчу районан культуран Дворецехь д1аяьхьира куьйга говзаллин выставка. Цигахь дакъалоцуш йара районан администрацин социальни политикан, туризман, спортан отделан начальник Черезбиева Асет, образованин, культуран учрежденийн куьйгалхой, говзанчаш.
Черезбиева Асета бовзийтира шаьш бина белхаш бохьуш выставке баьхкина говзанчаш-пхьераш — Чеччел –Хера Даукаев Адам, Булг1ат-Ирзера Байсултанов Лом-1ела, Аргун г1алара Каимова Сейжан, Гуьмсан районан Найбоьрара Магомадов Олхазар, цуьнан к1ант Магомадов Халид, Нажин-Юьртара культурин Дворецан белхалой — истангаш даран говзанчаш Гетиева Лаура, Абубакарова Санет.
— Тахана х1ара зама зовкхе хиларан бахьана Нохчийн Республикан хьалхара Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад – Хьаьжас (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) нийса некъ харжар ду, — элира Черезбиевас. — 1999-чу шарахь иза хьалхаваьлла ца хиллехь, хала дара тахана вай муьлхачу хьолехь хир дара ала. Россин халкъашца цхьаьна даха машаре некъ бара цо юьхьарлаьцнарг. Делан лаамца иза орцахвалар бахьана долуш, цо д1аболийна некъ беркате хилира. Вайн тоьллачу къонахойн мог1арехь ц1ейоккхуш гуттаренна а вайн дагалецамашкахь лаьттар ву и чолхечу, цуьнца цхьаьна сирлачу кхолламан стаг – Турпалхо Кадыров Ахьмад – Хьаьжа. Дала декъалвойла иза!
Цхьаьнакхетаран дакъалацархой хьаьвсира пхьераша шаьш кечйина, выставке гайта еанчу экспонаташка.
