Нажин-Юьртан районехь д1аяьхьира харжамашна лерина кхеташо

      Комментарии к записи Нажин-Юьртан районехь д1аяьхьира харжамашна лерина кхеташо отключены

Кху шеран 18,19,20-чу сентябрехь вай махкахь хинболчу харжамашна лерина яра Усманов 1имранан ц1арах йолчу районан культуран Дворецехь д1аяьхьна кхеташо. Кхеташонехь дакъалочуш вара нохчийн Республикан Правительствон Председателан заместитель, республикан къинхьегаман, социальни кхиаран министр, куратор волу Баширов 1усман,НР-н Куьйгалхочун г1оьнча Хататаев Амхьад, районан администрацин куьйгалхо Музуруев Асланбек, Россин МВД-н районехула йолу отделан начальник Чалаев Мурад, районан территориальни комиссин председатель Билимханов Асхьаб, районан къеда Магамаев Ваха, ярийн администрацийн, дешаран, культуран, могашалла 1алашъяран учрежденийн, предпрятийн, организацийн куьйгалхой, векалш. Кхеташо схьайоьллуш Баширов 1усмана билгалдаьккхира х1ораммо а харжамашкахь нийса харжам баро юкъараллина боккха пайда бийриг хилар, иза х1ораннан граждански декхар хилар.

Музуруев Асланбека дийцира х1инца хир болчу харжамашкахь районера харжамхоша кхаьжнаш тосуш харжа везаш НР-н Куьйгалхо, иштта РФ-н Пачхьалкхан Думе, Нохчийн Республикан Парламентан, Нажин-Юьртан округан депутаташ хилар, республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана массо аг1ор тидо еш хилар бахьнехь регионехь санна, вайн районехь а бахархошна шайн лаамехь кхаж таса оьшу дерриге а хьелаш кхоьллина хилар. Цундела районера харжамхошка дехар дара цхьаъ санна х1ора а харжамаш д1ахьочу деношкахь ара а ваьлла, шайн граждански декхар кхочушдар. Музуруевс шен къамелехь иштта коьрта тидам т1ебахийтира вайн республика Куьйгалхо Кадыров Рамзан бахьанехь районан бахархой дахарехь социальни декъехь хиллачу а, хуьлуш болчу а баккхийчу хийцамех лаьцна а. Билимхановс дийцира районехь кхаж таса кечйина 42 харжамийн участок хиларх, кхаж таса д1аязвина 36126 харжамхо хиларх. Цхьаьнакхетарехь иштта бахархой харжамашкахь жигара дакъалацаре кхойкхуш къамелаш дира Чалаев Мурада, Магамаев Вахас.