Харжамашкахь жигара дакъалецира

      Комментарии к записи Харжамашкахь жигара дакъалецира отключены

18-20-чу сентябрехь вайн махкахь д1абаьхьира Россин Федерацин Пачхьакхан Думин, Нохчийн Республикан Куьйгалхо, нр-н Парламентан, Нажин-Юьртан округан депутаташ харжаран харжамаш. Нажин-Юьртан районехь оьшуш долу дерриге а хьелаш кхоьллира мехкан коьртачу харжамашкахь гражданашка кхаж тасийтархьама. Районехь вовшахтуьйхира 42 харжамийн участок. Харжамийн х1ора участкехь д1ах1иттийра иштта веб-камераш: цхьаммо юкъара сурт гойтуш, шолг1ачо-кхаж тосуш йолу урнаш.

Иштта х1ора дийнахь харжамхошца кхетаман болх д1ахьош бара меттигашкахь шаьш урхалла даран органийн векалш, кегийрхойн организацийн декъашхой, 1еламнах. Харжамашна кечам бечу муьрехь меттигашкахь д1абахьа безачу вовшахтохараллин балхах дуьйцуш яртийн администрацийн, организацийн, учрежденийн, предприятийн куьйгалхошца кхеташонаш д1аяьхьира районан администрацин куьйгалхочо Музуруев Асланбека.

Кечам хьокъала долччу кепара бина хилар бахьанехь лаккхарчу вовшахтохараллица, харжамхоша жигаралла гойтуш д1абахара харжамаш массо а ярташкахь.

Нажин-Юьртан И. Усмановн ц1арах йолу культуран Дворецехь д1атарйина яра Нажин-Юьртан № 224 йолу харжамийн участок. Кхаж тосу хан т1екхачале дикка хьалха дуьйна кхуза гулбала буьйлабелира юьртара бахархой. Гулбеллачеран самукъадоккхуш декара иллеш, эшарш, дира хелхарш. Харжамхошна лерина программа кечйинера культуран Дворецан исбаьхьаллин самодеятельностан коллективан дакъалацархоша.

Билгалйинчу хенахь д1адоладелира участкехь кхаьжнаш тасар. Кхолладеллачу ламасташца хьалхара кхаьжнаш таса бакъо елира юьртара баккхийчу нахана. Харжамхошна юкъахь бара дуьххьара кхаж таса баьхкина кегийнах.

Харжамаш д1ахьочу дийнахь цхьамог1а ярташкара харжамийн участкашкахь хилира Нохчийн Республикан къинхьегаман, балхах1итторан, социальни г1одаран министр Баширов 1усман, районан администрацин куьйгалхо Музуруев Асланбек, «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхо Хатулаев Виспаша, районан къанойн кхеташонан председатель Зайпулаев 1умарсолта,  кхиболу куьйгалхой, говзанчаш.

Ерриге а участкашкахь цхьа а тайпа новкъарлонаш йоцуш, законан талхораш доцуш д1абахара харжамаш.