Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина де т1екхочуш

      Комментарии к записи Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина де т1екхочуш отключены

  Халкъан иэсехь гуттаренна ваха висна

Нохчийчохь шо-шаре мел дели дикачу аг1ор   хийцамаш хуьлу, юхаметтах1оьттиина ду шина т1аман къаьхьоно оддачу 1азапехь латтийначу вайн къоман дахар. Хазлуш, куьце йог1уш ю вайн г1аланаш, ярташ, урамаш. Къинхьегаман шовкъ хаало белхан коллективашкахь, ялтин аренашкахь. Школашкахь, берийн бошмашкахь зевне дека берийн аьзнаш, дешаран заведенешкахь дахаран керла говзаллаш караерзош бу студенташ.

Вайн махкана шозлаг1а т1еман кхерам т1ех1оьттинчу муьрехь цхьа а вацара таханлера г1уллакх нисделла зама юха гур ю аьлла дог тешна. Дахарний, 1ожалний юккъехь латта везаш хала киртиг х1оттина хала мур бара иза. Хьалха санна т1амах ведда Дагестане вахар хадийра лулахойн махка т1ехь цхьана наха зуламаш деш адамаш хьийзор бахьанехь. Бакъдерг х1унда ца олу, вайн къомана массоаг1ор йоьхна еана зама яракх иза.

Делан къинхетам хьалха баьлла, х1аллакхуьлуш долчу къомана орцах ваьлла, шен са, ницкъ ца кхоош оцу халачу муьрехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дина дика ду. Мостаг1ийн ямартло бахьанехь, г1еметта х1оьттинчу шерашкахь д1аваха иза вайна юкъара. Ца ваха цхьана а стагана хьалха шена т1ехь бехк буьтуш а, цхьаненна хьалха корта охьата1ийна а. Д1авахана б1ешерашкахь нохчийн адмийн дегнашкахь, т1екхуьучу т1аьхьенан иэсехь гуттара а ваха а, шел т1аьхьа лар юьтуш а. Ахьмад-Хьаьжа моццул къонахчулла йолуш стаг хилла хилар историно кхид1а а гойтур ду хан д1а мел йолу.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжас ша республикан куьйгаллехь волуш яьккхинчу йоццачу хенахь динчу дикачу г1уллакхех, ярташкахь хиллачу хийцамех дуьйцуш, уггар хьалха ала дог1у вайна машаран новкъа даха цо аьтту баьккхина хилар. И некъ бара уггар хьалха цо юьхьарлаьцнарг. Шолг1а- Россин махкахь дехачу адамашна хьалха нохчийн вон яьккхина ц1е юхаметтах1отторца, цаьрца долу гергарлонаш ч1аг1дар. Кхоазлаг1а -Нохчийчохь т1амо дина зенахь д1адохуш юхаметтах1отторца адамийн дахаран хьелаш тодар.

Ца кхоьруш, озавалар доцуш дош олура цо харцонаш лелош хиллачу эскаран куьйгалхошка а. Иза дерриге а вайн маьрша адамаш лардаран дуьхьа деш дара. Харцонийн орам Нохчийчохь цахилар а гора цунна. Дицдан ца деза цхьацца бахьанашца т1анма юккъе нисбеллачу нахана цу юккъера схьабовла некъ а цо лехна хилар. Селхана мостаг1ий санна хилларш вовшашаца товш, цхьаьна белхаш беш д1ах1иттира. Ц1адерзо долийра цхьацца бахьанашца махках даьлла адам. Ницкъ ма-кхоччу къомана юккъехь барт ч1аг1бар хетара цунна коьртачехь цхьаъ.

2000-г1а шо доладелчхьана и з1енаш юхаметтах1итторан 1алашонца Кадыров Ахьмад-Хьаьжа коьртехь а волуш, 1едалан структурийн, образованин, культуран, яздархойн, зорбанан векалийн, сих-сиха хуьлучу цхьаьнакхетаршкахь хилларг, лелларг ма-дарра д1адовзуьйтуш белхаш бар бахьанехь дозанца лаьттина хьалх хийцаделира, хаьдда з1енаш юхаметтах1итта юьйлира.

Дуккха бег1ийла 1аьш бу районера бахархой х1усамашкахь яго газ хилар бахьанехь а. И дика динарг Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хиларх кхета царех х1ора а. Шел т1аьхьа цо диканна йитина лар ю иза. Цунна до1и т1ехь Делера къинхетам бар, гечдар доьхуш бу нах. Дечиг, к1ора багош кхерч бовха латто г1ерташ иттанаш шерашкахь хьегна бала-м х1етте а х1ун дара, юьртана гонаха дечиг даккха а хьун йоцуш, хала торанаш ечу даьллера бахархойн г1уллакх. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин бала ца кхаьчнехь районера ярташна а оццул йаккхий харжаш еш кестта газ хир ю бохург аьттехьа а дацара. Изза ала дог1у т1амо дохийна ц1енош юхаметтах1итторехь динчу г1уллакхех лаьцна а.

Ахьмад-Хьаьжас ма-хьеххара, ийманехь нислуш, дуьненан рицкъане ваьш эха ца дойтуш, вовшийн лоруш, вовшех дешаш, законан буха т1ехь бакъонаш ларъеш, даха хьовса деза вай. Цхьабарт болуш, г1иллакх-оьздангалла йолуш дахар бу цо вайна гайтина некъ. Вайгахь доьналла, собар хилчхьана т1еоьшург заманца ша нислуш д1аг1ур ду.