«Керла школа» проектаца нийса а дог1уш, «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхочо Хатулаев Виспашас, говзанчас Матрашов Сулима, Нохчийн Республикан Парламентан депутатаца Демильханов Мусаца Нажин-Юьртан № 4 йолу юкъарадешаран школехь лахарчу классашкара берашна бовхачу кхачанца кхачояран терго еш мониторинг д1аяьхьира. Мониторинган декъашхоша динчу жам1ашца, лакхахь ц1е яьккхинчу школехь шайн-шайн хенахь лахара классашкара дешархошна бовха кхача латтош, кхачамболлуш дика хьелаш кхоьллина. Иштта оьшанан а, кхача кечбечу г1ирсан а чоьнаш санитарни бакъенашца хила еззачу кепара цхьаьнайог1уш хилар а хаийтира мониторинган декъашхоша.
