Сурт дилла 1амадо бераш

      Комментарии к записи Сурт дилла 1амадо бераш отключены

  Суна Симсирара Мескитара берийн искусствон школан филиалан куьйгалхо Жатаев Жаддал вовзар хилира оцу юьртара юхаметтах1оттийна культуран Ц1а схьадоьллуш вовшахтоьхначу мероприятехь. Оцу дийнахь вайн ламанан уггар а юьстаха йолчу Симсир юьртара ша 1амош болу бераш а балош цига веанера иза.

   Мероприяти д1айолаялале кхуза баьхкинчу хьешийн таро хилира культуран Ц1ийнан фойе чохь бераша дохкучу суьрташка а, нохчийн ширачу хенахь  х1усамашкахь хиллачу коьчале, г1ирсашка б1аьрг тоха.

   Жатаев Жаддалах лаьцна дош аьлча, иза итт шо хьалха дуьйна юьртара юккъера юкъарадешаран школехь цхьа чоь а кечйина,  берашна сурташ дахка 1амош ву. Цо 1амочу бераша дакъалаьцна республикан юкъарчу, Грозный г1алахь д1аяьхьначу выставкашкахь. Цара призови меттигаш а яьхна.

   Цо дийцарехь, жима волуш дуьйна сурт дилларан искуссве безам болуш кхиъна ву иза. Цо чекхъяьккхира Нохчийн Республикан искусствон школа. Шен дахаран некъ берашна д1алуш схьавог1у тахана Жаддал. Оцу т1ехь цуьнан кхиамаш хила а лаьа.