Д1адийна гуьйренан ялташ
Гуьйре хаза еана. Районера юьртабахаман къахьегархой цуьнах баккхийберца дика ларийра гуьйренан ялташ д1аден.
Масала, план 175 гектар а йолуш к1а д1адийна оццу майданахь. Гуьйренан мукх д1абийна 50 гектара т1ехь, рапс-50 гектара т1ехь.
«Сидык» юьртабахаман предприятехь план 200 гектар а йолуш, оццу майданахь д1адийна гуьйренан к1а, мукх-75 гектара т1ехь.
«Вайнах» госхозехь план 62 гектар а йолуш, оццу майданахь д1абийна гуьйренан мукх.
Гуьйренан ялта д1адеран белхаш чекхбовла герга бу «Шамхан», «Аллероевское» юьртабахамн предприятешкахь.
