«Керла школа», «Онда доьзал» федеральни партийни проекташ кхочушъеш «Единая Россия» партин меттигера отделенин белхалоша бераш 1алашдаран Дуьненаюкъара де т1екхочуш д1аяьхьира г1одаран мероприяти. Уьш хилира Булан-Хит1ара байлахь висина шен йо1ан к1ант Т1ах1ир кхобуш 1аш йолу Арсалиева Нуръянан доьзалехь.
Партин меттигера отделенин куьйгалхочо Хатулаев Виспашас, говзанчаша Матрашов Сулима, Цербицева Хьавас Т1ах1ирна совг1аташ дира кхачанан сурсаташца, волейболан буьрканца, берийн ловзоргашца, иштта «Единая Россия» партин логотип т1ехь йолу кепкица. Районан туризман, мохкбовзаран центран хьехархоша Сейтханова Асета, Матуева Эсилас, юьртара юккъера юкъарадешаран школан дешархоша кечйинера Т1ах1ирна лерина литературан-мукъамийн композици.
Арсалиева Нуръяна даггара баркалла элира Т1ах1ир дага а веана, деза совг1аташ дохьуш уьш шен х1усаме бахкарна.
