Некъ тобарехь жигара г1уллакхдо

      Комментарии к записи Некъ тобарехь жигара г1уллакхдо отключены

   Май беттан т1аьххьарчу деношкахь алссам даьхкинчу дог1анша г1еххьачул зенаш дира ламанан некъашна, нехан х1усамашна.

   Иштта дохийнера районан этнографически музейна «Шира Бена» т1ебоьдучу асфальтан некъан дакъа а. «Шира Бена» этнографически музей б1аьстенан муьрехь сада1а, ламанан 1аламе б1аьрг тоха республикера, д1асара туристаш бог1уш меттиг ю. Делахь а ламанца хиларе терра, алссам т1едог1учу дог1анаша зен цадеш цабисира цига боьду некъ а. Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана т1едилларца районехь д1аболийра тахана аьхкенан муьрехь уггаре оьшуш болу и некъ йоццачу хенахь тобаран белхаш. Некъана ремонтни белхаш барца жигара дакъалоцуш ю районан некъаш тодаран урхалла (начальник А. Белимханов, коьрта инженер Т.Мартункаев).

   Карарчу хенахь алссам г1уллакхаш дина некъан теккха меттигаш тоеш, жаг1а баржош, батош, асфальт йилла кечам беш. Т1аьхьарчу шина дийнахь ремонт еш тобина 200 квадратни метр некъ. Оцу балхана т1еоьзна оьшшучул техника ю, белхалой бу. Къаьсттина ц1е яккха хьакъ бу некъаш тодаран урхаллин белхалой Султахматова Исират-некъан говзанча, Асламханов Везарби- КДМ-н, машинист шофер Масаев Руслан, белхалой Девламирзаев 1абдулла, Истамулов Муса, Гулуков Самад.