Медицински белхалочун Денца!

      Комментарии к записи Медицински белхалочун Денца! отключены

Декхарна тешаме

«К1айн халаташ юьйхина адамаш»-иштта безамца ц1е йоккху вай вайн лоьрийн. Цамгаран балано хьовзийча, церан г1о-накъосталле дог доху вай, ткъа цара шайх дозург дерриге а до шайх тешна, шайгара г1о оьшуш веанчун лазарца болу сингаттам д1абаккхархьама. Тахана цакхоьрруш ала ваьхьар ву Нажин-Юьртара районан больницан лоьраш шайх болу тешам, лерам бакъбеш, шайн декхар сийлаллийца кхочушдеш хилар. Лоьрийн деза де т1екхочуш «Халкъан дош» газетан корреспонденташ хилира районан больницехь, цхьаьнакхийтира коьртачу лоьраца Джемиева Раибатца. Тхан хаттаршна жоьпаш луш, шайн балхах а, хьалхалаьттачу декхарех а лаьцна цо дийцира:

 —  Районехь тахана цомгашчеран хьашташ кхочушдеш ю 1 районан, 3 участкови больница, 2 амбулатори, 39 фельдшерско-акушерски пункт. Цигахь къахьоьгуш ву тайп-тайпана корматаллин говзаллаш йолу 700 гергга белхало.

   Билгалдаккха деза, цомгашчу нехан могашалла меттах1отторехь уггар хьалха лаккхара корматалла йолу лоьраш, отделенашкахь царна лело дарбанаш, медицински г1ирсаш оьшуш хилар. Ала дог1у, Нохчийн Республикан могашалла 1алашъяран министерствос тхан даима г1о лоцуш хилар. Цо таро елла лоьрийн учрежденешна оьшучу г1ирсашца кхачоян. Г1о деш ду меттигашкахь хьалхара г1одаран дарбанашца. Районан больницана, т1аьхьарчу шарахь елла 3 «Скорая помощь» автомашина. Районан больнице балха т1еэцна лаккхара, юккъера дешаран корматалла йолу 10 лор. 43 лоьрийн учрежденийх 36-нна лицензиш елла 1едалан стандарташца болх бан бакъо луш. Иштта шайн говзаллаш лакхайохуш Грозный г1алахь, Россин кхечу субъекташкахула лоьрийн клиникашка деша бохуьйтуш  бу лаккхара, юккъера дешаран корматаллаш йолу лоьраш. Вуьшта аьлча, могашалла 1алашъяран учрежденеша болх керла стандарташца д1абахьа безаш бу. Цундела белхалошца вовшахтохараллин, кхетаман белхаш бу оха д1ахьош. Цуьнга терра меттигашкахь оцу г1уллакхана оьшу хьелаш а ду кхуллуш. Республикан районашца , вайн район цомгашчу нехан хьашташ кхочушдарехь дикачарна юкъахь хьахош а ю.

Районан больницехь, ярташкара лоьрийн учрежденешкахь тахана лаккхара  корматалла йолуш, белхан зеделларг долуш коллективаш, лоьраш хилар хаало цара цомгашчу нехан меттигашкахь доггах кхочушдечу г1уллакхашца а, цомгашчу нехан лоьрех йолу дог-ойланца а. Царех ву хирургически отделенин заведующи Гатаев Висамби, лор-хирург Далхаев Турко, лаккхара категорин лор-хирург Муртазов Бекхан, лор-хирург Сайпулаев Шемал, лор-хирург Айдамиров Саламбек, лор-уролог Гайрбеков Езед, лор-кардиолог Ахматханова Селимат, медйиша Сайпулаева Жанета, медйиша Оздербиева Лайлаъ, эпидемиолог Магомедов 1ела, родильни отделенин заведующи Мусангузова Ума, берийн отделенин заведующи Мехиева Элима, Бенара участкови больницан лор Кутуева Асмаъ, Мескитара лоьрийн амбулаторин заведующи Далхаев 1аьрби, «Скорая помощь» машинан шофёр Борзиев Ислам, фельдшер Абасова Аминат, механикаш Сайдулаева Макка, Джамалдинов Нурид.

Х1ора медицински белхалочун сий-ларам лакхабоккхуш, шайх тешийна г1уллакх ц1ена д1адахьа жоьпалла т1едожош ю вайн махкахь г1уллакхдеш йолу «Могашалла» къоман проект. Цуьнца билгалйина, г1уллакхе йирзина программо таро ло лоьрийн а, цомгашчеран а юкъаметтигаш заманан лехамашна жоплуш хилийта.

   Къамел дерзош тхуна ала лаьа Джемиева Раибатан къинхьегаман некъах масех дош. Джемиева Раибата юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхинчул т1аьхьа 1997-чу шарахь чекхъяьккхина Астраханера пачхьалкхан медицински академи. 1997-98-чу шерашкахь чекхъяккхина Москвара анестезиолог-реаниматологан ординатура. Белхан стаж-30 шо. Цунах 9 шо районан реанимации отделенин заведующи балхана д1аделла Раибата. Карарчу хенахь районан коьртачу лоьран даржехь болх беш а ю. Иштта лоьран балхах алссам зеделларг долуш белхало иза хиларан тоьшалла ду цунах районан адамийн могашалла 1алашъяран учреждени тешор.    Дала аьтту бойла шун шайн мехалчу балха т1ехь кхин а лакхарчу кхиамашка кхача!