Районехь д1ахьош бу бахархойн х1усамашка газ йигаран белхаш

      Комментарии к записи Районехь д1ахьош бу бахархойн х1усамашка газ йигаран белхаш отключены

Бахархойн 1ер-дахаран хьелаш уггаре а хала долуш район яра вайн район т1аьххьалц. 1аламат хала бог1ура, къаьсттина, 1аьнан мур. Ягоригца вон хьоьгуш бара районан бахархой. Къинхьегаме г1уллакх дара ламанан районашкахь 1аьнан ханна ягоригаца кечамбар. Амма Нохчийн Республикан хьалхарчу Президента (Дала Г1азот къобалдойла цуьнан, Дала декъалвойла иза), Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжех даьлла беркат бахьана долуш йоццачу хенахь газ ялийра районан ярташка. Ламанан район хазлуш, тояла новкъа яларан юьхь яра иза. Тахана цуьнан к1анта, Нохчийн Республикан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан беркатан т1аьхье ю районехь кхузаманан дахарна жоп луш некъаш дахкар, берийн бошмаш, керла, яккхийн, сирла школаш, бахархошна керла х1усамаш, иштта 1ер-дахарна оьшу кхийолу объекташ яр.  

   Россин Президента В. Путина билгалйинчу программица кхечу регионашкахь санна, д1аболийна болх бу газ ца кхаьчначу х1усамашка сийна ягориг йигарна т1ехьажийна. Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана оцу декъехула т1едехкина декхарш кхочушдеш, вайн районехь жигара д1абоьдуш болх бу керла йинчу х1усамашка маьхса газ йигарна т1ехьажийна.

   Районан газан службан директора Гелимгиев Мохьмада билгалдаккхарехь, ярташкахула д1аяхьа езаш ю 86400 метр яхаллин бирг1а. Цо таро лур ю 120 абонентана газ т1етаса. Таханалерачу дийнахь вовшахтесна бирг1а 4100 метре кхочуш ю.

  Предприятин кхачойоллуш таро ю хьалхах1оттийначу 1алашоне кхача: техника, тай-тайпана диаметр йолу бирг1анаш, иштта вовшахтоьхна белхалойн бригада ю.

   Карарчу хенахь газ йигаран белхаш д1ахьош бу 1аларахь, Замай-Юьртахь, Нажин-Юьртара Осмаев Лечин ц1арахчу урамехь, Девлатби-Отарахь. Иштта, шайна т1едехкинчу декхаршца дика ларош схьавог1у коьрта инженер А. Хордаев, сварщик Х.Чамиев, слесарш А. Тушигов, М. Баймурадов.    Лакхахь билгалбаьхна белхаш гуьйранна газ ягоран мур т1екхачале чекхбаьхна хилабезаш бу.