Цокуева Камила йина 1998-чу шеран 6-чу апрелехь Нажин-Юьртан районан Замай-Юьртахь. 2015-чу шарахь, школа кхиамца чекхъяьккхинчул т1аьхьа, Грознера пачхьалкхан нефтан технически М.Д. Миллионщиковн ц1арахчу университете экономически факультете деша яхара Камила. 2019-чу шарахь, цигара дешна яьлча, чекхъяьккхира ЧГУ-н бакалавриат а, карара 2022-чу шарахь нефтан институтехь магистратура а.
2021-г1а шо долалуш ша кхиъначу Замай-Юьртахь библиотекийн №34-чу филиалан заведующин даржехь д1адоладелира цуьнан белхан дахар. Дукха хан ца йийзира къоначу белхалочунна ша юьхьарлаьцна г1уллакх кхоччуш карадерзо. Цхьа шо сов оьккхуш зама ялале районехь дикчу аг1ор билгалъелира цуьнан библиотека. Карарчу шарахь республикехь д1аяьхьначу «Шеран библиотекарь» конкурсехь 1-ра меттиг баьккхира Цокуева Камилас. Иштта, районна а, къаьсттина юьртана а, юьхьк1аме г1улч йоккхуш д1адолийра Камилас шен къинхьегаман дахар. Толам баккхарца декъалъеш, «Халкъан дош» газето дешархошна йовзуьйту республикан «Шеран библиотекарь» конкурсан толамхо Цокуева Камила.
Юьртан библиотекан х1усамехь къаьсттина тийна хуьлу даима а. Х1унда аьлча, клиентех цхьаберш книга йоьшуш, кхиберш оьшу литература хоьржуш, д1алуш, схьаоьцуш, иштта книгаш луьстуш д1абоьдучу балхана тийналла оьшу. Иштта х1оттийначу белхан низамаца дика ларош, шен балхах дика кхеташ схьайог1у юьртан къона библиотекарь Цокуева Камила.
«Балхат1ехь иштта сиха кхиаме кхачар х1ун бахьана ду хьан? Белхан хан елахь а, жимма хьайн балхах лаце дийцахьа», аьлла шега динчу хаттарна жоп а луш, Цокуева Камилас дийцира:
-Со юьртан библиотекаран балха еана 2021-чу шеран январехь. Х1етале а библиотекаца дозаделла дара сан дахаран цъа дакъа. Школехь доьшуш йолчу хенахь дуьйна а книгашца самукъадолура сан. Дешарт1ехь доккха г1о хуьлура суна книгаш дукха мел йийши а. Къаьсттина хаалора суна книгаш ешарах хуьлу г1о лакхарчу дешаран учрежденешкахь доьшуш йолчу хенахь. Дешна а яьлла, ц1айирзича юьртан библиотекехь белхан меттиг яьлча, шина дага а цайоьдуш библиотекаран болх т1елецира аса. Сайн балхах самукъадолуш хуьлура со. Иштта де-дийне мел дели алсамдолура зеделларг а. Къаьсттина самукъадолу школера лахарчу классашкара дешархошца. Дукхахболу книгашъешархой школера дешархой бу тхан. Иштта тайп-тайпана литература езаш бог1у студенташ а, юьртара бахархой а. Технологи сиха кхуьш зама хиларе терра, лахбелла книгашца гергарло лелош берш. Тахана х1ораннан чохь компьютер, смартфон, айфон, иштта йоцуш х1ума а яц. Цундела библиотека а заманца йог1уш хила еза аьлла хетало. Амма зама керла елахь а, шен классически ламаст цуьнца доькъуш д1аяха еза аьлла хета суна библиотекан система а. Цуьнга терра хийцалур ду аьлла хета библиотекийн технически а, книгех пайдаоьцучеран хьашташ кхочушдаран а хьелаш.
Библиотекарийн республикански конкурсах дерг аьлча, иза ц1еххьана а цанисделлера. Цунна кечам беш г1еххьа къахьега дийзира тхан. Конкурсана юкъадехкина Россин къаьмнийн тассаман (искусствон) а, материальни йоцу а культуран т1аьхье ларъярна лерина юкъайиллина тема яра «Т1аьхьарчу т1аьхьенна къоман культурех дерг лардеш, кхин а алсамдохуш д1адалар». Оцу хаттаршна методико-библиогафически аг1ор бина болх дика ларарна хьалхара меттиг кхачийра вайн библиотекина,-дерзийра шен къамел Камилас.
Иштта республикехь д1аяьхьначу «Шеран библиотекарь-22» конкурсан жам1ашкахула кху шеран 27-чу майхь А.Айдамировн ц1арах йолу республикан коьртачу библиотекехь хьалхара меттиг кхчийра жюрис Камилина. Республикан культурин министерствос «Шеран библиотекарь-22» дипломаца совг1ат а дира цунна.
Кхузаманан библиотекийн белхалойн болх книгаш д1аяларца хедаш бац. Цигахь д1ахьо тайп-тайпана мероприятиш, иштта х1иттайо мастер-классаш, дешархошца д1ахьо книга говзаешаран конкурсаш, литературан суьйренаш, яздархошца, поэташца цхьанакхетарш. Иштта д1ахьочу мероприятиша алсамдоккху тахана книгашешархойн терахь а. Юкъараллин балхаца а дика ларош схьайог1у Камила. Кхузаманан библиотекан белхало къоман кхолларалин аг1ор дика кхеташ, шен корматалла дика евзаш, книгашешархошна, юкъараллина пайдехьа йолу проекташ дахаре яха хууш хила езарх, замане терра г1улчйоккхуш д1аяха езарх дика кхеташ ю къона библиотекарь. Шен белхан юьхь беркате д1айолийна цо. Иштта белхан, дахаран т1аьхье а кхин беркате, кхиаме хуьлда хьан, Камила!
