Талламаш бира аптекашкахь

      Комментарии к записи Талламаш бира аптекашкахь отключены

   «Могуш-таза хиндерг» федеральни партийни проект кхочушъеш, могашалла 1алашъяран системан болх эвсаралла йолуш д1абахьарна т1ехь талламаш беш, «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхо Хатулаев Виспаша, говзанча Матрашов Сулима хьаьвсира райцентрера аптекашкахь духкуш долу дарбанаш мехехь ду-дац. Таллам д1ахьош партин меттигера отделенин векалшна билгалделира райцентран аптекашкахь кхачамбацарш доцуш болх дика д1аг1уш хилар.