Дешархой т1еэца кийча ю школаш

      Комментарии к записи Дешархой т1еэца кийча ю школаш отключены

   Кхо к1ира хан бен ца йисина дешаран 2022-23-г1а шо д1адоладала. Хьалхарчу сентябрехь, аьхкенан каникулашкахь дика, садаь1начул т1аьхьа школашкахь юха а декар ду берийн зевне, самукъане аьзнаш. Иштта дика бинчу кечамашца бераш 1аморан, кхетош-кхиоран болх д1аболор бу хьехархоша.

Бетти-Махкара, Замай-Юьртара, Г1алит1ара, Керла Замай-Юьртара школашкахь муха кечам бина дешаран керлачу шарахь дешархой т1еэца хьовсуш талламаш бира «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхочо Хатулаев Виспашас, говзанчас Матрашов Сулима, районан къанойн кхеташонан председатела Зайпулаев 1умарсолтас. Уьш хьаьвсира школашкахь долчу хьелашка, цхьаьнакхийтира школийн директоршка.

   Партин меттигера отделенин куьйгалхочо Хатулаевс билгалдаккхарехь, лакхахь билгалъяьхначу школашкахь кхиамца чекхдаьхна кечамаш бар. Бетти-Махкара, Керла Замай-Юьртара хьехархой, технически белхалой школийн арахула болу белхаш куьце балош бара.

   Бинчу белхийн жам1аш дича, школаш кийча ю дешархой т1еэца.