Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина де т1екхочуш

      Комментарии к записи Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина де т1екхочуш отключены

Цо лардира нохчийн халкъ

Нохчийн Республикан хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад -Хьаьжа вина де т1екхочуш  юх-юха а карлаболу чолхечу муьрехь ша Республикан куьйгаллехь волуш цо бина некъ. Дагадог1у оцу новкъахь цо шегара гайтина хьуьнарш, собар, 1илма,хьекъал. Тахана Нохчийчохь гуш ду, Делан къинхетам хьалха баьлла, цо юьхьарлаьцна некъ адамийн дегнаш даккхийдеш, ирсечу,  машаречу новкъа схьабог1уш хилар.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжех болу дагалецамаш буьйцуш Мескитара юьртан администрацин куьйгалхочо Висамбиев 1умархьаьжас дийцира:

-Хала ду вайца боцучарех дийца. Хан сиха д1айоьду, шеца вайн деган лаамаш, аланза дисинарг бухахь дуьтуш. Дахар д1адоьдуш ду де-дийне керла лакхенаш йохуш. Х1ара ирсе тахне вайна кхачо г1ерташ бакъ дуьнена ваханчу Кадыров Ахьмад -Хьажийна хастам беш, цо дина весеташ кхочушдеш, цо гайтинчу некъа хьалхахьа г1улчаш йохуш, тешам болуш вай д1а дахар-иза ду-кх цунна хир долу деза-докхха совг1ат.

Ахьмад -Хьажа цхьа 1алашо йолуш, бакъдерг дезаш стаг вара. Цунна ца везара нийсонна т1ехь воцург. Цунна дукхабезара адамийн мехаллаш евзаш, езаш, церан пусар дан хууш болу нах. Чолхе а, кхераме а бара Кадыров Ахьмад Хьаьжас юьхьарлаьцна некъ. Цо коьртачех лорура Нохчийчуьра т1ом гуттаренна сацор. Шолг1а-1анаяхана республика Россина юкъахь зазадоккхуш кхуьуш йина д1ахоттор. Иза халкъана оьшуш вара. Х1унда аьлча,нохчийн халкъ шен букът1ехьа а ляьцна цуьнан дахар массо аг1ор ирсе дар, яра цуьнан 1алашо. Ц1ена ойла йолуш, д1абокхху ког халкъан дуьхьа боккхуш хиларна муьлхха хала киртиг т1ех1оттарх, долийнарг цуьнга чекх а даккхалора. Бусулба дин долуш, иза девзаш, оьздачу доьзалера ша схьаваьлла дела, дайн оьздангаллин некъ схьабохьуш, шен къомана чохь са долуш вара Ахьмад -Хьаьжа. Иштта хиларо шен 1алашоне д1аваха ницкъ а лора цунна.

Ахьмад -Хьаьжа тешна вара Нохчийн Республикехь куьйгалла ден нах къоман г1иллакхаш, дайн 1адаташ д1акхехьа,халкъан сий лардан хууш, г1иллакхаллин,оьздангаллин дикаллаш йолуш, куьйгана ц1ена, иэхь-ийман долуш хила безаш хиларх. Цундела ларамаза дацара халкъана, махкана дашца, г1уллакхаца тешаме накъостий цо шена гонаха гулбар, царех дозаллица «Кадыровн команда» олуш хилар.

Т1еман шерашкахь ц1ера бевлла эзарнаш доьзалш Ахьмад Хьаьжин г1оьнца вайн махка ц1абирзира. Ц1енош дохиначарна г1о-накъосталла дар вовшахтуьйхира, цхьаболчу чиновникаша новкъарло еш йоллушехьа, юьрта бахамехь, промыщленностехь, дешаран, культуран, могашалла 1алашяъран декъехь дукхха а дика г1уллакхаш дина Ахьмад-Хьаьжас. Школаш, больницаш, культуран объекташ схьаеллар, берашна 1илма 1амор,цомгашчарна могашалла юхаерзорехь г1о-накъосталла дар-коьрта 1алашо яра цуьнан.

Дика кхетара Ахьмад -Хьаьжа республикехь юкъараллин-политически хьал меттадалорна, адамийн дахар маьрша хилийтарна бакъонан буха т1ехь, кхоьллина 1едалан органаш хила езаш хиларх. Уггаре хьалха т1еэца езара республикан Конституци, цуьнан буха т1ехь бен кхолла йиш яцара 1едалан структураш.1едал д1ах1отторан баххаш т1еэцаран кепаш тайп-тайпана ю,делахь а, Ахьмад-Хьаьжас хаьржинарг референдум яра. Д1айолучу ханна дахаран халкъе шайгга билгалбаккхийта лиира цунна. Республикехь референдум д1аяхьаро ч1аг1дира Россин цхьаалла ларъяр кхачам боллуш дирзина хилар. Халкъалахь барт, машар, масла1ат ч1аг1деш волчу Ахьмад-Хьаьжина (Дала гечдойла цунна) тешнабехк бира Нохчийчохь машар д1ах1отта цалуучу наха. Делахь а цо динарг, цуьнан сирла васт халкъан иэсера д1адаккха ницкъ кхочур бац цхьаненнан. Ахьмад-Хьаьжа санна болчу нехан оьмар еха хуьлу, х1унда аьлча, уьш адамийн дуьхьа баьхна дела. Цо гайтинчу новкъа д1адахар,мохк кхид1а а кхиорехь ницкъ кхочу дакъалацар, машаре дахар лардар, ду тахана вайна т1ехь долчу коьртачу декхарех цхьа1.