Т1аьххьарчу хенахь вайн яртийн бахархойн социальни дахарехь дуккха а хийцамаш хилла. Къаьсттина дийца лаьа вайн ярташкара лоьрийн белхан дахарх лаьцна. Вайна дика дагайог1у кхаа-еа юьртана халла цхьа фельдшер бен ца кхочуш, лоьрийн къелла йолуш хилла зама а. Хала дара цамгаран лазаро хьовзийна стаг сихха лоьрашна т1е кхачо. Кхачо йоллуш тоьаш бацара меттигера лоьраша, иштта ярташкахь к1еззиг яра фельдшерски пункташ. Тахана хийцаделла районехь могашалла 1алашъяран хьал. Ярташкахь алсамйовлуш ю ФАПш, амбулаториш, участкови больницаш. Кхуьуш ю меттигера къоман медицински кадраш.
Х1инцаткъаех шо хан ю Мескита юьртахь (6000 вахархо) участкови амбулатори болх беш йолу. Цуьнан заведующи ву 27 шо медицински балхана д1аделла, шен балхаца алссам зеделларг долуш волу Далхаев 1аьрби. Шен болх жоьпаллин хиларх дика кхеташ хиларе терра, шен участкехь бертахь, говза коллектив вовшахтоьхна 1аьрбис.
Х1окху шарахь юьззина капитальни ремонт еш, керлачу г1ирсашца хи а далош, дика тойина. Ярташкахь амбулаторни участкаш хилар бахархошна доккха г1о хуьлуш, церан могашаллина т1ехь терго латтор аьттачу доккхуш г1уллакх ду. Стаг лазаро хьовзийча хьалхара г1о-накъосталла лоьрашкара кхочу цомгашчунна. Бахархойн могашаллина т1ехь тергояран балхах лаьцна дийцира Далхаев 1аьрбис:
-Х1окху кепара лоьраллин участкаш къаьсттина оьшуш ю ламанан ярташкахь бехачу нахана. Ц1еххьана могашалла телхина я стаг лазийна меттиг т1ех1оьттича цомгашчунна сихонца т1екхачар, цунна оьшу дарба лелор ду тхан белхан коьрта декхар. Тхан амбулаторехь шайн говзаллин декхарш кхочушдеш фельдшер, акушерка, терапевт, медйижарий, иштта юкъара говзаллаш йолуш верриге 9 белхало ву: Абдурахманов Рамзан-терапевт, Эльгериев Ибрех1им-терапевт, Султанова Тоита-медйиша, Мусаева Зарета-коьрта медйиша, Табараева Мархет-процедурин медйиша, Хамидова Асет-берийн медйиша, Джабраилов Алихан-цергийн лор, Эльгериева Зураъ-медрегистратор, Абдурахманова Малика-санитарка.
Лоьраллин балхана оьшу г1ирсаш а, хьелаш а кхачо йолуш ду тхан. Бахархошна диспансеризаци яр, иштта шеран муьрашкахь даьржачу уьнна дуьхьал прививкаш яр, йолу цамгар хьакхаелларг билгалваккхар, масане ду уьш. Цу кепара тхайн ма-хуьллу ларо г1ерташ схьадог1уш ду-кх тхо.
Далхаев 1аьрби шех лаьцна ала диканиг а долуш, мало йоцуш, белхан жоьпаллех кхеташ белхало ву. 1993-чу шарахь Тутаева Асетан ц1арах йолу медучилище кхиамца чекхъяьккхина веара иза шайн юьрта балха. 27 шо белхан стаж а йолуш, зеделларг а долуш, юьртара бахархоша дикчу аг1ор ц1е йоккхуш, шегара оьшучу г1оьнна кхоавелла 1ийрвоцуш белхало ву Далхаев. Цундела юьртахоша баркаллица йоккху цуьнан ц1е.
