Бахархошца цхьаьнакхийтира Замай-Юьртахь

      Комментарии к записи Бахархошца цхьаьнакхийтира Замай-Юьртахь отключены

 Нохчийн Реаспубликан Парламентан депутаташ Демилханов Муса, Рашаев Забек, районан куьйгалхо Селимханов Султан х1окху деношкахь цхьаьнакхийтира Замай-Юьртара бахархошца. Цхьаьнакхетар вовшахтоьхнера «Единая Россия» партин меттигера отделенин белхалоша. Дийцаре дира Украинехь кхолладелла хьал, иштта бахархоша сагатден г1уллакхаш.

   Украинехь долчу хьолах лаьцна дуьйцуш Селимханов Султана далийра иштта дешнаш:

   -Т1аьхьарчу хенахь Украинан куьйгалло д1ахьош йолу политика зуламе яла тарлуш дара Россин халкъана. НАТО-н т1еман бартахойн  блок т1аьхь-т1аьхьа шорлуш , Россин а, постсоветски пачхьалкхашна а герга г1ерташ хилар гуш дара. Россица хьалха хиллачу бартан чот а ца еш, шайн т1еман тоба шоръеш гергаг1ерташ ю США. Цул сов, Россин а, къаьсттина вайн а г1иллакхаш, 1ер-дахар маьттаза, адамийн дахарехь тардала йиш йоцу акха, хийра ламасташ вайна юкъадаржарна кхерам болуш хьал х1оьттинера. Иштта и зулам вайна герга дале, геннахь юхатоха 1алашонца д1айолийна лерина т1еман операци ю иза. Цигахь жигара дакъалоцуш бу вайн республикера к1ентий а. Дала аьтту бойла церан!  

   Султана далийра районера т1емалойн хьунарех, цара хьалхабаьккхинчу некъан 1алашонах лаьцна масалш, иштта делира ладог1архойн хеттаршна кхачо йоллуш жоьпаш а.      

   Оцу темина лерина дара Демилханов Мусас, Рашаев Забека далийна, т1еман лерина операцин коьрта 1алашо-вайн кхерамазалла ларъярхьама йолийна хиларан.  

   Иштта цхьаьнакхетарехь дийцаре дира бахархоша сагатден г1уллакхаш. Уьш хьакхалуш дара юьрта далийна молучу хих, школехь нохчийн г1иллакх-оьздангалла хьехаран сахьташ алсамдаха лаарх лаьцна. Оцу хаттаршна жоьпаш делира Селимханов Султана, Рашаев Забека.    Цхьаьнакхетарехь дакъалецира районан къанойн кхеташонан председатела Зайпулаев 1умарсолтас, Замай-Юьртан администрацин куьйгалхочо Яндуев Сулеймана, «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхочо Хатулаев Виспашас, говзанчас Матрашов Сулима.