Цомгашчунна г1о дан кийча

      Комментарии к записи Цомгашчунна г1о дан кийча отключены

Вайх х1ораммо а сий-ларам барца ц1ераш йоху лоьрийн. Х1унда аьлча, уьш даима а лаьтта адамийн могашаллина г1ароллехь. К1айн халаташ ерш уггаре хьалха кхочу цамгаро хьовзийначунна г1оьнна. Цара шайн говзачу куьйгашца дарбанш лелорца г1оли йо лазаро гатвинчунна. Ц1еначу даггара а, къинхетаме хиларца а уьш хьовсаро ша толург хиларан тешам кхуллу цуьнгахь. Лоьро олуш долу хаза дош а дарба хуьлий д1ах1утту цунна.

   Шаьш бинчу белхан жоьпаллех дика кхеташ а, доггах къахьоьгуш а болчу лоьрашна юкъахь хьахо хьакъ ю Гилнара фельдшерско-акушерски пунктан заведующи Хизриева Зарема. 1988-чу шарахь чекхъяькхина цо Грознера медицински училище.Х1етахь дуьйна таханлера де т1екхаччалц юкъара ца йолуш ша т1елаьцначу балхаца дика ларош схьайог1уш ю Зарема.

   Ша т1елаьцна г1уллакх Хизриевас дезаш а, дика кхочушдеш а хиларна тоьшалла до цамгар кхетта, я лазийна ша йолчу веанчуьнга иза лерина хьажаро а, оьшу дарбанш лелоро а. К1еззиг ца нисло лазархошка хьажа иза ц1айоьдуш меттигаш а. Заремас иштта боккха тидам т1ебохуьйту берийн могашалла ларъярна а. Шен-шен хенахь д1ахьо царна тоха деза мехийтохар.

   Билгалдаккха деза, кхин цхьаъ. Хизриевас кест-кеста д1ахьо тайп-тайпана цамгарех лаьцна бахархошца къамелаш дар. Довзуьйту царех ларваларехь дан дезарг. Ткъа оцо цхьана аг1ор мелла а г1о до цамгарш ца яржийтарна. Цу кеппара, мало яр доцуш, г1уллакх деш хилар бахьанехь юьртахоша ларам бо Заремин.

   Хизриеван дика накъост хилла болх беш схьайог1уш ю санитарка Чамиева Зухра. Шех тешийна г1уллакх ларамза ца дуьтуш иза болх беш йолу 34 шо сов хан ю.