«Демографи» къоман проект

      Комментарии к записи «Демографи» къоман проект отключены

Йина берийн бешан керла г1ишло

   Шеко йоцуш ду, районан ярташкахь берийн бошмаш яр шо-шаре мел дели кхуьуш хилар. Керла берийн бошмаш йина Мескитахь, 1аларахь, Сесанахь, Энганахь, Гендарганахь, Гилнахь, Зандакъахь. Иза хазахеташ ду, х1унда аьлча бераш долчу доьзалшна боккха аьтто бу иза. Цул совнаха, школе дахале берана 1амадо йоза-дешар а.

   Ямсу-хин дозанца Айти-Махкахь еш ю дуккхаквартираш йолу комплекс. Иштта кхузахь йина яьлла 80 меттигана лерина берийн бешан г1ишло.

   «Единая Россия» партин проект кхочушъеш, меттигера отделенин белхалоша мониторинг йира берийн бешан комплексехь.Таллам беш дакъалоцуш вара Нохчийн Республикан Парламентан депутат Демильханов Муса, партин меттигера отделенин куьйгалхо Хатулаев Виспаша, говзанча Матрашов Сулим, районан къанойн кхеташонан председатель Зайпулаев 1умарсолта, школе даханза долчу берийн учрежденийн говзанча Джабраилов Х1арон.

Талламбаран дакъалацархой реза хилира берийн бешан г1ишло ярехь бинчу белхашна.