Х1окху шеран 15-чу февралехь 35 шо кхечи Афганистанера интернациональни декхар кхочуш а дина, Советски Эскар арадаьккхина. Итт шеран йохаллехь бевзаш боцучу махкахь шайн б1аьхаллин декхар кхочушдеш районера турпаллица кхелхина кхоъ т1емало, ц1авирзина-124.
Ламаст хилла схьадог1уш ду тахана историна юкъадахана, адмийн иэсехь дисина и де т1екхочуш цхьаьнакхетарш д1адахьар.
Иштта цхьаьнакхетар хилира х1окху деношкахь Афганистанехь интернациональни декхар кхочушдеш кхелхинчу Байхаджиев Русланан ц1арах йолчу, иза винчу юьртара — Булан-Хит1ара юккъера юкъарадешаран школехь. Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара афганцийн – ветеранийн районан комитетан председатель Исмаилов Майрбек, юьртан администрацин куьйгалхо Оздамиров Ислам, школан директор Байхаджиев Рамайла, юьртара бахархой, хьехархой, дешархой.
— Афганистанехь шайн интернациональни декхар кхочушдеш хиллачу вайн мехкан кхечу къаьмнийн векалшца цхьаьна г1уллакхдеш бара нохчийн халкъан векалш-элира М. Исмаиловс.- Царна юкъахь бара вайн районера кегийрхой а. Тайп-тайпанчу шерашкахь Афганистанехь т1еман дакъошкахь г1уллакхдеш чекхваьлла районера 127 жимастаг. Царех 73-на совг1аташ дина СССР-н орденашца а, медалашца а. Цо тоьшалла до т1еман чолхечу, халачу хьелашкахь вайн к1ентий доьналлех, яхьах боьхна цахилар.
Халахеташ делахь а, вайн мехкан сий лардеш Афганистанехь ийгира Булан-Хит1ара Байхаджиев Руслан, Нажин-Юьртара Тагиров 1алаш, Энганара Косумов Хьасан. Дала гечдойла царна!
Байхаджиев Русланах дерг аьлча, иза шен интернациональни декхар кхочушдеш майралла, доьналлалла, хьуьнар гойтуш, юха цаволуш т1еман арахь 1ожалла т1еэцна к1ант хиларан тоьшалла ду СССР-н Президиуман Лакхарчу Кхеташонан Указаца нийса а дог1уш, «Ц1ечу Седанан» орденца цунна дина совг1ат. Тахана Руслан доьшуш хилла юьртара школа а ю цуьнан ц1арах. Иштта школехь ю цуьнан ц1арах кхоьллина музей а.
Юьртахочух лаьцна дика дешнаш элира юьртдас Оздамиров Ислама , иштта цхьамогг1а юьртахоша а. Дешархоша кечйинера литературан композици.
Исмаилов Майрбека д1аделира Русланан йише Байхаджиева Эсиме цуьнан ц1арах даийтина ведомственни совг1ат.
Школан директора Байхаджиев Рамайлис баркалла элира шен ваша Руслан — афгански т1амехь дакъалоцуш хилла районера векалш дагалоцуш юьртара школехь мехала цхьаьнакхетар д1адахьарна.
Цул т1аьхьа цхьаьнакхетаран декъашхоша даздаран хьолехь схьадиллира Байхаджиев Русланна кечдина мемориальни У.
