Бенахь г1уллакхдеш йолчу участкови больницан лоьраша хьашташ кхочушдо ярташкара бахархойн. Шайна хьалхалаьттачу декхаршца дика ларош схьабог1у уьш.
Дикка хан яра участкови больницан г1ишлона капитальни ремонт янза. Делахь а, Нохчийн Республикан могашалла 1алашъяран министерствос тидамза ца дитира и г1уллакх. Д1адахана шо чекхдолуш кхузахь д1аболийна вай лакхахь хьахийна белхаш. Карарчу хенахь коьртачу декъана хьахаран белхашца цхьаьна, ц1енкъа плитка а юьллуш белхаш бу д1абоьлхуш. Уьш а герггарчу хенахь чекхбаха 1алашо ю белхалойн.
Иштта Гуьржи-Махкахь ян йолийра стохка фельдшерско – акушерски пунктан г1ишло. Д1аяьллачу хенахь дуккха а белхаш бина г1ишлошъярхоша: хьаладоьттина пенарш, тиллина тхов, д1ах1иттийна наь1арш, кораш. Хьахаран белхаш чекхбовла герга бу г1ишлонан.
Х1окху деношкахь лакхахь хьахийначу шина а объектехь таллам беш хилира Нохчийн Республикан Парламентан депутат Демильханов Муса, «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхо Хатулаев Виспаша, говзанча Матрашов Сулима, участкови больницан заведующи Ханбиев 1ийса, Бена юьртан администрацин куьйгалхочун заместитель Эдальбаев Хьусайн.
Уьш резахилира д1ахьочу г1ишлошъяран белхашна.
