Д1ахьош бу г1ишло яран белхаш

      Комментарии к записи Д1ахьош бу г1ишло яран белхаш отключены

Даттахехь д1ахьош бу керла фельдшерско – акушерски пунктан г1ишло яран белхаш. Д1аяьлларг дукха хан яцахь а, тахана белхалоша дуккха а г1уллакхаш дина шаьш т1елаьцначу объектехь. Хьаладоьттина пенарш, тиллина тхов, иштта д1ахьош бу хьахаран белхаш а. Фельдшерско – акушерски пункт йина яьлча, меттигера бахархойн таро хир ю могашаллица доьзна хьашташ кхочушдайта.

Керла объект ечохь таллам беш хилира Нхчийн Республикан Парламентан депутат Демильханов Муса, «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхо Хатулаев Виспаша, говзанча Матрашов Сулима. Цхьаьнакхетар хилира г1ишлошъярхошца дийцира керла объект эксплуатаци д1аяларан хенах лаьцна.