Айдамиров Абузаран ц1арах йолу Нохчийн Республикан Халкъан библиотека – Соьлжа – Г1алин дуьххьарлера юкъара библиотека ю. Карарчу шарахь 120 шо кхочу оцу вайн халкъан культурин т1аьхьалонийн мехалчу объектан. Иза схьайиллина 1904 – чу шарахь. 1929-чу шарахь цунах областан библиотека хилира. Ткъа 1936 – чу шарахь Нохч –Г1алг1айн областах Нохч – Г1алг1айн АССР йира, библиотекана республикан дарж а делира. 2013 – чу шарахь Айдамиров Абузаран 80 шо кхочуш, библиотекана цуьнан ц1е а тиллира.
Вай лакхахь ма-аллара, библиотека схьайиллина 1904 — чу шеран октябрехь, Соьлжа – Г1алин Пушкински училищан хьехархойн коллективан д1адолрца. Болх д1аболочу хенахь наха совг1атана кхехьначу книгех вовшахкхийтира библиотекан фондаш. Советан 1едал д1ах1оттале, Соьлжа – Г1алахь иштта а к1еззиг йолчу культурин учрежденех цхьаъ яра и библиотека. Махкахь Октябрски революци хиллачу шерашкахь, шен фондехь 14 эзар книга а йолуш, алссам журналаш долуш, 1172 книгашешархочо пайда а оьцуш культурин учреждени хилира цунах. Ткъа 1920 – чу шарахь пачхьалкхан дола елира библиотека. 1929 –чу шарахь областан библиотекан дарж а делира цунна.
1934 –чу шарахь Нохчийн, Г1алг1айн областаш цхьаьнатуьйхира. Оццу шарахь И. С. Сергеев цуьнан директор х1оттийра. 1964 – г1а шо кхаччалц оцу даржехь болх бира цо цигахь. Иштта 1936 – чу шарахь Нохч –Г1алг1айн автономни областах автономни республика йира, ткъа библиотекина республикански дарж а делира.
1943 –чу шарахь Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман фронт республикана герга кхаьчначу хенахь библиотекан болх а сацон дийзира. Оццу шеран сентябрехь юха а схьайиллира и культурин учреждени.
Вайнах махках баьхначу шерашкахь доккха хьуьнар гайтира библиотекан кхечу къаьмнийн белхалоша. Х1етахьлера 1едало х1аллакъян кечйина вайнехан маттахь язйина дуккха а книгаш къайла а яьхна ларйира цара. Вайн республика меттах1оттийначул т1аьхьа юхаерзийра цара шаьш ларйина книгаш. Доккха г1о хилира цунах вайн маттахь йолу книгаш карлаяхарехь а, иштта республикан библиотечни фонд къоман книгашца т1еюзарехь а.
1945 – чу шарахь, оьрсийн яздархо Антон Павлович Чехов д1акхелхина 40 шо кхочуш, цуьнан ц1е тиллира цунна, иштта схьайиллира цуьнан ц1арах йолчу скверехь библиотекан керла г1ишло а.
1980 – чу шарахь библиотекан директор х1оттийра Нохч – Г1алг1айн АССР-н, РСФСР – н культуран Сийлахь белхало Габисова Тамара. Цул т1аьха 3 шо даьлча, 1983- чу шарахь, культурин учрежденина «Пачхьалкхан универсальни 1илманийн библиотека» аьлла статус а елира. Цу хенахь библиотеке х1ора шарахь 35000 книга кхочура, иштта кхочура 60 газет а, 485 журнал а. Вуьшта аьлча, д1адаханчу б1ешеран 90 – г1а шераш долалалучу хенахь библиотекин фондехь яра – 2,65 млн. книга а, журнал а, газет а, 10 эзар наггахь бен ца нислуш йолу книга а. Дешархошна схьайиллира хьалха д1акъевлина хилла йолу спецфонадаш а. Республикехь арахецна 10 эзар книга яра архивехь. Библиотекан белхалойн штат – 137 белхалочух лаьтташ яра. Учрежденехь д1ахьора 1илманан – талламан белхаш, аспиранташа ларйора диссертацеш, масийтта институтан студенташа цигахь чекхйоккхура шайн практика.
1994 – 1995 – чу шерашкахь хилла т1ом бахьанехь библиотека атталла бух а ца буьсуш х1аллакхилира. Цу чуьра книгаш ягийна а, лечкъийна а х1аллакхиллера. Хьалхара т1ом д1абаьлча цкъачунна Соьлжа – Г1алин волейболни стадионан трибунийн баххийн чоьнашкахь д1а а тарбелла юха болх д1аболийра цуьнан белхалоша. 1995 – чу шеран 12 – чу декабрехь цунна Нохчийн Республикан Халкъан библиотекин дарж делира. Ткъа библиотекан керла фондаш юзура Дагестананера, Г1ебарта – Балкхарера, Ставрополера, Москвара яийтинчу книгаша. Иштта Соьлжа –Г1алин а, Нохчийчоьнан а бахархой а бог1ура шайн книгаш библиотекана совг1атана йохьуш.
2013 – чу шеран 23 – чу мартехь, Соьлжа – Г1алина юккъехь библиотекан керла г1ишло схьайиллира. Цуьнан чоьнийн барам бу 13 эзар квадратан метр сов. 2013 – чу шеран 30 –чу октябрехь Нохчийн Республикан яздархочун Айдамироа Абузаран 80 кхочуш, библиотекина цуьнан ц1е а тиллира. Оццу г1ишлона чохь ю Нохчийн Республикан берийн библиотека а.
2013 –чу шарахь Нальчикехь д1аяьхьначу «Традиции и новаторство в архитектуре Северного Кавказа» фестивалехь Нохчийн Республикан Айдамиров Абузаран ц1арах йолу Халкъан библиотекан проект уггаре а тоьллачех лерира. 2019 –чу шеран 10 – чу ноябрехь (хьалхара), 2020 – шеран 7 – чу ноябрехь (шолг1а) цигахь д1аяьхьира Къилбседа Кавказан Вики – семинараш а.
