«Керла школа» федеральни партин проект кхочушъеш, «Единая Россия» партин меттигера отделенин белхалоша, Нохчийн Республикан Парламентан депутаташца Демильханов Мусаца, Рашаев Забекаца нохчийн къоман г1иллакх – оьздангалла, 1адаташ довзуьйтуш къамелаш дира Мескитара юккъера юкъардешаран школан лакхарчу классашкара дешархошца.
Вайн къоман хаза, оьзда г1иллакхаш довзуьйтуш, Демилханов Мусас, Рашаев Забека къамелаш дира дай-наношца, йиш-вешица, дехошца, ненахошца, лулахошца, стунзахошца, хьаша-деца, ц1ера араваьлча, машенца хилча лело дезачу, иштта кхидолчу а къоман г1иллакхех лаьцна.
Дешархошца вовшахтоьхначу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара партин меттигера отделенин куьйгалхо Хатулаев Виспаша, говзанча Матрашов Сулима, школан директор Бетерсултанов 1умар-1ела.
