2025-г1а шо –Грозный г1алин, В. Путинан районан шо Вайн г1ала – вайн дозалла

      Комментарии к записи 2025-г1а шо –Грозный г1алин, В. Путинан районан шо Вайн г1ала – вайн дозалла отключены

Шо-шаре мел дели толуш, хазлуш, кхуьуш схьайог1у вайн республикан коьрта шахьар Грозный г1ала. Вайнаха хьалха Буьрса-г1ала олуш а хилла цуьнах. 1818-чу шарахь кхузахь паччахьан т1еман эскаран ч1аг1о йина. Гонахьара къармазачу къаьмнашна т1еман, та1заран экспедицеш а еш, ондда т1еман ч1аг1о хилла д1ах1оьттина Грозный г1ап. Тахана ши б1е сов хан яьлла Вайн коьрта г1ала йиллина. Заманан йохалла 1аламат дукха, тайп-тайпана исторически хиламаш гина цунна. 1936-чу шарахь дуьйна Грозный г1ала Нохч-Г1алг1айн АССР-н коьрта лерина.

   Советан 1едал 1918-чу шеран аьхка бен ч1аг1делла д1ах1оьттина ца хилла кхузахь. Революци хиллачул т1аьхьа инзаре буьрса чубеана граждански т1ом, мацаллин 30-г1а шераш, шолг1а дуьненан т1ом, къиза репрессин шераш, и дерриге а дицдеш, динна къомах хьакхаделла депортацин шераш, иштта т1аьхьарчу шина т1еман къизалла гина г1ала ю Грозный. ХХ-г1а б1ешеран  чаккхенгахь 85% сов т1амо аьтта, йохийна, х1аллакйина д1ашарйинера г1ала. Делан къинхетам хилла, тахана Россин Федерацехь уггаре куьце, хаза г1ала хилла д1ах1оьттина Грозный.

Денна бохург сана кхуьуш ю масийтта керла г1ишлош, сквераш, паркаш, садо1у меттигаш. Иштта алсамдовлуш ду махкахь туризман некъаш, хьешашна диллина ду вайн исбаьхьчу лаьмнийн кевнаш. Вайн къомана хьалха вала, вайх дош дала да хилча дерриг а беркат т1едилхина юха дендели  вай. Тахана даккхийдоь вай республикан коьрта шахьарх — Грозный г1алех.

Т1аьхьарчу хенахь сихачу боларца хьалакхуьуш ю В. Путинан ц1арах йолу г1алин пхоьалг1ачу район. Керла районехь 200 гектаран майда д1алаьцна ян билгалйина 150 дукхаг1аттийн 3 миллион квадратни метр г1ишлош. Царах 2 миллион квадратни (30 эзар х1усам) метр 1ер-дахаран х1усамийн г1ишлошна билгалйина ю.

Цул сов, иштта ян билгалйина ю 10000 гергга меттигна лерина 5 юкъарадешаран школа, 2360 меттигна лерина 8 берийн беш, шиъ поликлиника, яккхийнчарах шиъ культуран центр.

Керла районан 20 гектар майда д1алоцур ю керлачу сквераша, паркаша. Цуьнах 11 гектар д1алаьцна, массо а кепара бахархошна сада1аран аьттонаш а болуш , 1000 меттигна лерина концертни зал а йолуш, шиъ маьждиг, хьеша-ц1енойн центр, иштта массо тайпана оьшу хьелаш долуш нохчийн къоман архитектурин г1ишлойн куьцехь йина 1,5 км еха бульвар хир ю.

Даламукълахь, хийла къаьмнийн векалш хьийса а бог1уш, вайн дайша туьйранашкахь йийцина исбаьхьаллин хазна хилла д1ах1уттур вайн маьрша, машаре Соьлжа-Г1ала.