2025-г1а шо – Грозный г1алин, В. Путинан районан шо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолу Сийлаллин мемориалан комплекс

      Комментарии к записи 2025-г1а шо – Грозный г1алин, В. Путинан районан шо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолу Сийлаллин мемориалан комплекс отключены

  Вайн мехкан къоман историн хиламашкахь мехала, маь1не хилам бара Соьлжа-г1алахь Нохчийн Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) ц1арах Сийлахь – боккхачу Даймехкан т1амт1ехь баьккхинчу Толамна лерина Сийлаллин мемориалан комплекс кхоллар.

   Соьлжа — Г1алин дег-юккъерчу урамехь д1ах1оттийна ю 5 гектар майда д1алоцуш йолу и мехала объект. Иза ян йолийра 2009-шеран октябрехь. Дукха хан юкъа ца юлуш, 6 баттахь йина елира Советски халкъо фашистски Германина т1ехь толам баккхарна лерина йина йолу и историн хазна. 2010-чу шеран май беттан 8-чу дийнахь, сийлахь Толам баьккхина 65 шо кхочуш схьайиллира комлекс.

Мемориалан комплексана юкъайог1у музей, парк, иштта кхиболу дагалецамийн дуккха х1олламаш а. Вай лакхахь ма-аллара, Россин Федерацехь Даймехкан т1еман толамна лерина йиначу объекташна юкъахь 5 гетар майда д1алоцуш йолу и комплекс шен йоккхаллин барамца кхоалг1а меттиг д1алоцуш ю. Даздарийн деношкахь 15 эзар стаг тарлуш йоккха майда ю иза.

Комплексан майданахь къаьсттина меттиг д1алаьцна гуш бу Нохчийн Республикан Хьалхара Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) дагалецаман х1оллам а, шен кечъярца, хазалийца, хьелашца тоьллачарах лоруш йолу Ахьмад-Хьаьжин музейн г1ишло а.

2004-чу шарахь йина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин музей, мемориальни комплекс йина яьлча, 2010-чу шарахь керла йинчу г1ишлошчу кхалхийна. Цу чохь д1ахьо вайн Хьалахара Президентан дахаран некъах, иштта Силахь- боккхачу Даймехкан т1амехь дакъалаьцначу махкахойх лаьцна выставкаш, кхийолу мехала мероприятеш а.

Комлексан майданахь бу Даймохк ларбеш кхелханчийн сийнна латийна Йовр йоцучу Ц1еран х1оллам, Советски Союзан Турпалхочунна Висаитов Мовлидана х1оттийна х1оллам.

Иштта мемориальни комлексан майдана юккъехь гуш ю шен лекхалла 39 метр йолу б1ов а, Нохчийчуьра схьабевллачу 40 СССР-н Турпалхочун суьрташ,СССР-н Турпалхочун Нурадилов Ханпашина, Висаитов Мовлидана 28-г1а гвардин дошлойн полкана, Мазаев Маташна, Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман танкисташна х1иттийна  х1олламаш, Брестски ч1аг1онан декъашхойн, иштта кхечеран хьуьнарийн сийнна йина х1олламийн билгалонаш.