Хьалхарчу сентябрехь д1адоладелла 2025-2026 дешаран керла шо. Даима санна дешаран деза де т1екхале школашкахь дуккха белхаш бо уьш кечъеш, хазъеш.
«Керла школа» федеральни партин проект кхочушъеш, «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхочо Хатулаев Виспашас, говзанчаша Матрашов Сулима, Цербицева Хьавас, районан къанойн кхеташонан председатела Зайпулаев 1умарсолтас, дай-нанойн комитетан декъашхошца цхьаьна Нажин – Юьртара №4 йолу юккъера юкъарадешаран школехь таллам бира дешаран учреждени керлачу шарна муха кечйина хьовсуш.
Талламхоша билгалдаккхарехь, аьхкенан каникулашкахь школан хьехархоша, технически белхалоша догах къахьегар бахьанехь школа кийча ю дешаран керлачу шарахь бераш т1еэца, дешаран процесс д1аяхьа а.
