«Школе даха кечде бер» акци

      Комментарии к записи «Школе даха кечде бер» акци отключены

«Единая Россия» Ерригроссин политически партин «Школе даха кечде бер»  акцехь дакъалецира партин меттигера отделенис. Акцин коьрта 1алашо яра ярташкара Украинехь д1ахьочу лерина т1еман операцехь г1уллакхдеш болчу, кхелхинчу декъашхойн г1о оьшучу доьзалшкара берашна дешаран г1ирсашца кхачояр.

Оцу г1уллакхана районехь билгалваьккхина 8 дешархо вара. Партин меттигера отделенин куьйгалхо Хатулаев Виспаша, говзанчаш Матрашов Сулима, Цербицова Хьава, районан къанойн кхеташонан председатель Зайпулаев 1умарсолта хилира Нажин-Юьртахь, Булан-Хит1ахь. Нажин-Юьртахь веа дешархочунна, Булан-Хит1ахь кхаа дешархочунна д1абелира школьни г1ирсаш. Иштта г1о оьшучу дешархошна цу кеппара г1о дира Бена-Веданара, Бенара, Мескитара, Булан-Хит1ара, 1аларара, Шовхал-Бертара, кхечу юккъера юкъарадешаран школашкара хала бохкучу 10 доьзалшна. И г1уллакх кхочушдира лакхахь ц1ераш яьхначу яртийн администрацийн куьйгалхоша.