Х1окху деношкахь доккха хазахетар хилла районера бахархойн дахарехь. «Лигастрой» фирман (гендиректор Солта-Мурадов Мохьмад-Эми) белхалоша кхиамца чекхдаьккхина Нажин – Йурт – Замай – Йурт – Тухчар (0-13км) участкехь асфальтан некъ биллар.
Асфальтан некъ биллар д1адолийра х1окху шеран апрель баттахь. Чекхбаьккхира 16 – чу майхь. Цул совнаха, фирман белхалоша урамашка асфальт йуьллуш куьце йалийна Замай–Йурт.Къаьстина а хазахеташ ду оцу урамашна йукъахь Сийлахь – боккхачу Даймехкан т1еман дакъалацархойн Абуев Исхьакъан, Найбарханов Увайсан ц1ераш техкина берш хилар.
Нажин–Йурт – Замай–Йурт – Тухчар некъо доккха маь1на леладо районан бахархойн дахарехь. Масийтта йуьртахула чекхболуш оцу некъо йоккха з1е латтайо Нохчийн Республикана а, Дагестанан Республикана а йукъахь. Оцу некъо иштта доккха г1о дийр ду транспортаца д1асалелачу бахархойн кхерамазалла ларйеш, парг1ат д1аса бахахарехь.
Районан, иштта Замай – Йуьртара бахархоша ц1енчу даггара баркалла боху Нохчийн Республикан Куьйгалхочунна, Россин Турпалхочунна Кадыров Рамзанна, Кадыров Ахьмад–Хьаьжин ц1арах йолу региональни г1одаран фондан куьйгалхочунна Кадырова Айманина, районан администрацин куьйгалхочунна Музуруев Асланбекана, «Лигастрой» фирман гендиректорна Солта-Мурадов Мохьмад-Эмина, асфальтаца кхачойинчу асфальтан заводийн куьйгалхошна, некъ билларехь доггах къахьегначу шофершна, белхалошна.
Бахархойн ц1арах даггара баркалла шуна!
