Вайн махкахь массанхьа санна, Республикан Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан т1едилларца, районехь д1ахьош йу йукъараллин, иштта 1аламан меттигаш кечйеш, ц1анйеш, таеш вовшахтухуш йолу субботникаш.
Некъаш ц1андеш, некъайистошца долу дитташ кходуш, некъабасош куьцейалош совнаха буц хьокхуш, йараш д1айохуш, шайн лерина йолу техникан г1ирсашца бертахь белхина арабевлла гуш бу х1окху деношкахь районан администрацин сотрудникаш, коммунальни службин, тайп-тайпана организацийн, учрежденийн белхалой. Иштта шайн лаамехь арабевлла кхиболу бахархой а. Х1ора организацина т1еч1аг1йина шайн-шайн участкаш йу.
Къаьсттина тидаме эцна куьце йалош йу, некъашца б1аьргана гуш йолу меттигаш, йукъараллин объекташ. Кхид1а а, 1ер-дахаран хьелаш тадарна лерина йолу субботникаш кест-кеста вовшахтухур йу районехь.
