Аьхкенан каникулашкахь районан администрацис, иштта районан йукъарадешаран организацин куьйгалхоша кхачойоллуш дика вовшахтуху бераш сада1аран а, могушалла тайен лагершка даха кечдеш Карарчу 2026 чу шарахь, Нохчийн Республикан йукъарадешаран, 1илманан Министерствон графикаца нийса а дог1уш, Нажин – Йуьртан муниципальни районехула йолчу йукъарадешаран организацешкара берашна сада1арна а, могушалла тайарна а лерина билгалбаьккхина – 558 меттиг.
Тхан шеца хиллачу къамелехь, карарчу аьхкенан муьрехь берийн сада1аран хьелаш вовшахтохарх лаьцна дийцира, районнан берийн сада1аран, могушалла тайаран декъан жоьпаллин белхалочо – Исрапилова Хедас.
— Аьхкенан муьрехь бераш кхачойоллуш сада1а а, могушалла тайан а лагершка д1атарбар вовшахтохар, мелла а лерина кечам бан дезаш г1уллакх ду. Цундела, йукъарадешаран организацийн куьйгалхошца цхьана х1ора шарахь оха хьалхе кхачойоллуш кечам бо, лагершка аьхка сада1а даха луучу берийн тобанаш вовшахтухуш. Хьалхарчу рог1ехь лагершкахь сада1а оха д1ахьовсабо бобераш, дукхабераш долу доьзалан, г1ийла бохкучеран, Россин Федерацин т1еман ницкъийн мог1аршкахь г1уллакхдеш болчийн, Украинехь лерина д1ахьош йолчу операцин декъашхойн, цигахь г1уллакхдеш кхелхинчеран а бераш.
Аьхкенан каникулашна бераш д1ахецале, «Ламанан Бена» сада1аран лагерехь бераш т1елаца бинчу кечамна таллам беш мониторинг д1айаьхьира оха. Берийн сада1ар кхачо йоллуш хилийтарехь оьшу мероприйатеш а йинера. Амма, х1окху муьрехь районехь хилла токхамаш бахьана долуш, 450 берана сада1а лерина йолу «Ламанан Бена» лагере бераш дигар йукъахделира тхан. Иштта сацам хиллачул т1аьхьа, Шелковски районан «Стела1ад» берийн лагерехь вайн берашна 2-чу а, 3-чу муьрехь сада1а 24 меттиг къастийра.
Кхушара ламанца токхамаш хилар бахьана долуш, вайн районера 132 беран бен таро хир йац сада1аран лагершка даха.
Иштта хьалхара муьрехь Шелан районан «Ламанан шовда», «Бумбари» лагершкахь садо1уш хилира вайн районера 18 бер.
Иштта шолг1ачу муьрехь Шелковски районан «Стела1ад» лагере сада1а д1ахьовсийра 22 бер.
Билгалдаккха дог1у, районан берийн могушалла тайаран лагершкахь кхачойоллуш дика хьелаш кхоьллина берашна сада1а. Берашна буу кхача ц1еначу сурсатех кечбеш бу. Шен-шен хенахь д1ахьош йу тайп – тайпана самукъане а, спортивни мероприйатеш. Лагершкахь болх беш йу спортан майданаш, бассейнаш, амфитеатраш, медпункташ, иштта кхоьллина кхийолу сада1арна лерина бег1ийлонаш.
Баркалла ала дог1у, лагершкахь сада1а а, шайн могушалла ч1аг1йан а, оьшу г1о деш жигара дакъалоцуш волчу районан администрацин куьйгалхочун заместительна Исмаилов Ахьмадана.
