«Лаьмнийн говзалла» хелхаран коллективан кхиам

      Комментарии к записи «Лаьмнийн говзалла» хелхаран коллективан кхиам отключены

  Хазахеташ ду, районан Усманов 1имранан ц1арах йолу Культурин Ц1ийнан коллективаш, къоман исбаьхьаллин кхоллараллин некъахь къахьегарехь, шайх хастаме, дика ц1е йоккхуьйтуш схьабог1уш хилар. Царах йу ансамблан лакхахь ц1е йаьккхинчу Культурин Дворецан «Лаьмнийн говзалла» хелхаран коллектив а (балетмейстер Дамаева Марха).

   Х1окху деношкахь «Лаьмнийн говзалла» хелхаран коллектив дакъалоцуш хилира, «Вайнах» зала чохь д1айаьхьначу хореографин муниципальни коллективаша кечдинчу къоман хелхарийн гайтаршкахь. Ала дог1у, хьовсархоша лаккхара мах хадийначарнарах йара вайн районера «Лаьмнийн говзалла» хелхаран коллектив а. Хьовсархойн кхеле йехкинера республикан муниципальни районашкара хореографин коллективаша кечйина тоьлла номерш.

Вовшашкара корматаллин говзаллех, иштта зеделлачух пайдаэцарехь, районашкахь хореографин исбаьхьалла кхид1а а кхиорехь доккха маь1на долуш мероприйати йара цигахь д1айаьхьнарг. Вайн къоман исбаьхьаллин кхоллараллин хазна дено-дено кхуьш хиларан тоьшалла дара цигахь, вовшахтоьхна цхьаьнакхетар а.

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара республикан культуран министр Ибрагимов 1ийса.

 

Я. Инеркаев