Х1окху б1аьста алссам даьхкинчу дог1анаша зенаш динчу объекташна юкъахь дара Сесанара Яьсси хина тиллина т1ай а. «Лигастрой» (гендиректор Солтамурадов Мохьмад-Эми) фирман белхалоша, оьшу техника т1е а оьзна, йоццачу хенахь д1аболийра керла т1ай тилларан белхаш. Д1аяьлларг кхоъ бутт гергга хан ю, оцу хенахь белхалойн таро хилла т1ай дина далийта.
Карарчу хенахь т1е асфальт юьллуш, хазчу куьце далош ду т1ай. Иштта, оьшу техника ара а яьккхина, дуккха белхаш бина Сесанара Шоьна керла биллина некъ тобеш а.
Т1ай дина даьлча бахархойн таро хир ю транспортаца Шоьна, Г1оьрдала, Ц1оьнтара, кхечу ярташка д1асабаха.
