Вайн районехь х1ора шарахь д1ахьош ю «Бенара б1аьсте» халкъан кхоллараллин фестиваль. Фестивалехь коьрта маь1на хиле д1ах1уьйтту исбаьхьаллин кхоллараллин номенацийшца терра, спортан ловзарш а. Масала, гена т1улг кхоссар, говраш хахкар, муш д1асаозор, хьакхархьаькхначу б1ог1амт1е хьалавалар. Ткъа къаьсттина хьовсархоша тидам т1ебохуьйту футболах ловзарехула д1ахьочу къийсадаларшна.
Кху шарахь фестиваль д1ахьочу дийнахь дуьххьара вовшахтуьйхира районашна юкъахь футболах ловзарехула хьалхеяккхаран къийсадаларш. Республикера ялхийтта команда яра толамехьа г1улч яккха къуьйсуш. Вайн районаца хьалхара меттиг баккха кхаж баьллера Грозни г1алин мэрин командин. Вайн футболисташ т1ахъаьлла ловзар бахьанехь республикехула хьалхара меттиг баьккхира цара.
Команда къийсадаларшна кечъеш жигара дакъалецира командан начальника Мунгиев 1илмадис, тренерша Висамбиев Лечас, Цанциев Ибрех1има.
Вайн командина совг1ат дира «Бенара Б1аьсте 2022» фестивалан лерина кубокца, медалашца, сийлаллин грамоташца.
