Эсамбаев Махьмуд вина 1924-чу шеран июлехь. 98 шо кхечи Йоккхачу Атаг1ара дуьненна а вевзаш хилла волу нохчийн сийлахь хелхарча Эсамбаев Махьмуд вина. Махьмуд шен кхо шо кхаьчначу хенахь дуьйна хилла говза хелхаволуш. Къаьсттина хазахетара жимчу Махьмудан хелхар баккхийчу нахана. Вуьшта ша а вара Махьмуд хелхарна т1ийра. Жимма воккха хила воьлча, шен 15 шо кхаьчначу хенахь, Грозне хореографически училище деша вахара Махьмуд. Доьшуш волчу хенахь дуьйна Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан хелхаран, эшарийн ансамблна юкъахь а вара Эсамбаев.
Дукха къона волуш дуьйна а гучуделира Махьмудан хелхаран шатайпа лакхара хелхаран пох1малла. Германица т1ом болуш фронтови бригадина юкъахь т1емалошна, госпиталашкахь чевнаш йинчарна хьалха концерташ гойтуш, ц1ечу эскархойн дегнаш ир-кара х1иттош г1араяьлла яра Махьмудаг1еран ансамбль.
Вайнах ц1ерабаьхча цунна бакъо еллера Пятигорск г1алахь болх а беш, ц1ахь 1ан. Махьмуд реза цахилира. Шен къомаца хила лаьа шена аьлла царна т1аьхьа Киргизе д1авахара къона хелхарча. Иштта вевз-вевзаш дуьненна а г1аравелира Махьмуд. Ша валлалц шен хелхаран пох1малла кхиош, дуьненчуьра дуккха къаьмнийн хелхарш лаккхарчу искусствон говзаллийца кхочушдеш схьавеана Эсамбаев дуьненчохь а г1аравелира. Муьлххачу махка концерт яла ша вахча, уггаре хьалха нохчийн хелхар т1ера д1айолайора Махьмуда шен концерт.
Махьмуд к1орггера шен халкъ дезаш вуьззина патриот вара. Д1авахханчу пачхьалкхехь везаш, сийдеш, лараме веза хьаша хеташ т1елоцуш вара. Иштта халкъан к1ентий ма эшабойла вайна Дала!
