Тахана районехь футбол кхиар шеко йоцуш ду. Цунна тоьшалла ду х1ора шарахь республикехь д1ахьучу къийсадаларшкахь цара толамехьа г1улчаш йохуш хилар.
«Казбек» футболан командехь левзина ветеранаш бу Висамбиев Турко (тренер), Цациев Сулиман, Висамбиев Лечи, Гезихаджиев Абубакар, Магомгазиев Джамбулат, Эзирханов Лечи, Хамидов Аслан, Янсуков Майрбек, Джабраилов Майрбек, Янсуков Амрудди, Тепсуркаев Хизир, Магомадов Амхьад, Хангериев Исмаил.
Хан д1аяхана, шаьш баккхийн хилла аьлла ца 1аьш, тахана а жигара дакъалоцу цара республикан барамехь д1ахьочу къийсадаларшкахь. Цунна далон шортта масалаш а ду. «Ахмат» футболан тренера, командин капитана Уциев Ризвана г1о-накъосталла деш хьалаайина а ду командийн сий. Вайн командех дерг аьлча, стохка Нохчийн Республикан Конституцин денна лерина Аргун г1алахь ветеранашна юкъахь д1аяьхьначу турнирехь кхоалг1а меттиг баьккхира «Казбек» командин футболисташа. Кху шарахь д1аяьхьначу республикански турнирехь шолг1ачу мете елира вайн команда.
Дог1учуьра билгалдаккха лаьа, районехь футбол кхиорна юкъа доккха дакъа дуьллуш командин начальник Мунгиев 1илмади хилар. Цуьнан вовшахтохараллин г1уллакхаш бахьанехь хуьлуш схьабог1у и кхиамаш.
