Саг1а даьккхира

      Комментарии к записи Саг1а даьккхира отключены

 Нохчийн Республикан хьалхарчу Президентана Кадыров Ахьмад-Хьаьжина (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) саг1а доккхуш дуккха адам вовшахкхеттера Бенахь. И мехала г1уллакх вовшахтоьхнера  районан администрацин д1адолорца. Нохчийн Республикан Куьйгалхочун г1оьнча Хататаев Амхьад, республикан социальни кхиаран, къинхьегаман министр Баширов 1усман, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолу полицин полкан командир Чалаев Замид, районан администрацин куьйгалхо Музуруев Асланбек, яртийн администрацийн куьгалхой, яртийн имамаш, 1еламнах, районан бахархой баьхкинера Ахьмад-Хьаьжина доккхучу саг1ане.

   Вайн махкана Ахьмад-Хьаьжех даьллачу беркатах а, цо д1акхаьхьначу нийсачу некъах а, цуьнан турпалчу дахарх а лаьцна къамел дира районан къедас Магамаев Вахас. Цо далийра иштта дешнаш:

   -Массо а х1уманна т1ехь шех масал эца къонахалла йолуш стаг вара Ахьмад-Хьаьжа. Доза доцуш беза, жоьпаллин мохь бара цо шена т1елаьцнарг. Амма шен къам безачу балех хьалхадаккха ницкъ кхечира цуьнан. Къомана шен са, дахар, дуьне д1аделла Ахьмад-Хьаьжас (Дала г1азот къобалдойла цуьнан).

   Дала ма эшабойла вайна и санна болу къонахой!

   Дала къобалдойла Ахьмад-Хьаьжина даьккхина саг1а!

   Иштта, Бенара коьртачу маьждигехь делкъа ламаз динчул т1аьхьа дийшира мовлид а. Дийкъира саг1ийн дакъош.